Звёздная азбука

5 октября 2007 в 17:14
Звёздная азбука

Вниманию читателей предлагается сборник стихов Седарчийн абат» («Звёздная азбука»), автором которого является безвременно ушедший от нас самобытный чеченский поэт Ибрагим Юсупов (1958-1982).

В сборник вошли поэтические произведения автора, написанные в 1978-1982 годах. Многие из них печатаются впервые.

Немало стихов поэта ещё предстоит собрать, так как они в разное время публиковались в местной периодической печати. Вся надежда - на энтузиастов-любителей поэзии, которые могли сохранить подшивки газетных и журнальных номеров тех лет.

Большая часть архива поэта в связи с последними русско-чеченскими войнами разошлась по чужим рукам.

Данный выпуск посвящается 50-летию со дня рождения (10 ноября 1958 года) замечательного чеченского поэта Ибрагима Юсупова.

Абу-Хусайн Шамилёв, литературный критик

*********

  

ИбрахIим Юсупов

СЕДАРЧИЙН АБАТ

Байтийн гулар

(1978-1982-чуй шерашкахь язйина байташ)

I. Байташ

Нохчийчоьне

Нохчийчоь! Iалашбан сайн денойн чам

Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта...

Хьан дегIан цхьа меже - Хоттунхойн лам -

Хьайн куьйга ахь доьгIна чурт санна, лаьтта...

Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш,
Амма ца хIоьттина цкъан цкъа а гуора.
Хьайн кIентий кхалхаран хилла хьо теш,
Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан гIора.

Керлачу хенаша хIун дахьар-те?
Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха.
Дог карзахдийларо-м ийзаво тIе,
Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа...

Шеконца бех ца йо ас деган ботт:

Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша...

Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт,
Цундела мостагIий хир бу юхьIаьржа.

Хоттане, 1982 шеран март

Нохчийчоь

Iаьно сайна ваIда делча лош а, шаш а дала,

Хьожур вара ломан бохь со айбан генна хьала.

Нагахь санна, сайгахь сийна хIаваъ хилча шортта,

ГIур вара со анайистан доза тIеттIа шордан.

Аса-м, тIулгаш лехьош хи тIехь йинчу массо хьерахь,

Махкахь алсам доккхур дара дедайн бIаьвнийн терахь.

Хьун кхио сайн таро хилча, йоцуш пепнийн къелла,

Цунна уллехь юьллур яра ас цхьа нохчийн эвла.

Хенан иэсехь дIа ца дойтуш йолуш йолчун доь а,

Лаьттахь ас дIахIоттор яра кхин цхьа Нохчийчоь а.

Хоттане. 1982 шеран январь

ХIун хилла вайна?

Вайн дегнийн бос хIинца ца хеташ кIайн,

ДIауьду бендацарх дIаийна денош.

ТIаьхь-тIаьхьа тидамехь ца хуьлу вайн

Бохамехь Iаш верг, шен бIаьрхиш а Iенош.

Стигала хьала а ца хьовсу вай,

Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш тIома.

Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай,

Бахьанза хиларца вовшашца гома.

Марзонаш дIаекъа кIадделла вай,

Зарздина гIиллакхаш лардинарш дайша.

Са дIа а доьжна, вай хоьхкуш ду гай,

Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша.

ТутмаьжIгаш йоьхкина яххьашна тIе,

Шалхонийн кIуьралахь вовшашна къежа.

Стаг волчу стагана беттарца пе,

Сом вайга кхийдочу кIиллочух теша.

Ца хууш дешар дуй дахаран дарц,

Лайн чимийн эгIаза худар а хилла,

Вай гIерта Бакъ эшош, толадан Харц,

Нийсонна тIедоккхуш ямарта хIилла.

Хоттане, 1982 шеран апрель

* * *

Яздо ас, цIийх иэдеш шекъа,

Кехатах дог тешадеш.

Сан иллин могIанаш хьекъа,

Токх а еш сан деган беш.

Со-м ян а кийча ву чIагIо,

Теш хIиттош цIеналла син:

Ца еза кехатан агIо,

Къарзъелла яьлча бен и.

Верриг а векхалуш сица,

Со леIа ваьлча сайн гIан,

МогIанаш Iаьржачу цIийца

Чекхдуьйлу кехатах сан.

Гуш хета безачийн яххьаш,

Бахначийн эхарта дIа.

Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш

Дага а лоьцуш со Iа.

Ца хилла тем леха оьшуш,

Даг чу дуьйш могIанийн хIуш:

Уьш ду сан бIаьргаш чу хьоьжуш,

Царна чохь шаьш хьекъаш гуш.

Шерашна, шаьш идарх генна,

Сан башха къинхьегам тайн:

Iаьржачу хьаьркашца денна

Къарздо ас кехаташ кIайн.

Ойланийн зирхан беш хама,

Йогу сан син кхерчан цIе...

ТIаьххьарчу илланчийн зама

Мацца а кхочур ю тIе.

Хир вуй-те со церан декъах?

Хир вуй-те сан иллийн теш?

Яздо ас, цIийх иэдеш шекъа,

Кехатах дог тешадеш...

Хоттане, 1982 шеран февраль

* * *

Сахалин гIайренах хьаьрчича дохк,

Нохчийчоь, хьо даим го суна гIенах.

Тарло хьо суна сайн хьомечу ненах.

Хьо марша богIийла, сан хьоме мохк!

Ас хьуна гIуллакхдеш баийна гош.

Доьху хьоь, беш суна, дас санна хьехам,

Аттачу баккха сан ойланийн лехам.

Со цкъа а виц ца ван луо суна дош.

Ас байтийн дилханах огур ду и

Хаийта, сайн кхоллам буй хьуна муьтIахь...

Мох-дорцаш хьекхарх кху гIайренан уьйтIахь,

ГIорор дац хьоь болчу безаман хи.

Победино, 1979 шеран ноябрь

Сахалин

Тахна ГIезалойн хидоькъехь мох ца ловзу кхин.
Хета лайлахь дато йолуш санна Сахалин.

Цуьнан юьхь тIехь маж хетало «тайга» олу хьун.

Сан сингаттам жимма байбан хир ду кхузахь хIун?

Сан Нохчийчоь, хьуна вуно гена ваьлла со.

Со-м Советан Эскарера ву цхьа могIархо.

Салтийн чоа суна хета хьан стогаллин гIагI,

Дедайшкара соьга кхаьчна къонахаллин рагI.

ГIайре тхьаьвса, хи чохь даржош шен и деха дегI,

Курилашна хьалха чIогIа бIобулуш ю шех.

Кхузахь уьнтIепхьидах терра текхаш йоьду хан,

Уьйре бало гIерташ санна Тийна океан.

ИбрахIиман-гIайренхочун ма довр дац-кха доь,

Цхьа континент дийна мел ю - хьоме Нохчийчоь.

Смирных, 1980 шеран январь

Нохчийн мотт

Нохчийн мотт - сан дагах лиэша мутта,
ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла?
Иштта лепа седарчашлахь бутт а,
Ца лелийта сан дог-ойла тилла...

Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь,  

Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома,

Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь:  

«Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!».

Хоттане, 1981 шеран март

* * *

Баркалла со нохчо кхолларна, Дела!
Сица а, цIийца а нохчо ву со.
Сан деден бIов ю сан дозаллин эла,

Эхь-бехк а, гIиллакх а цо суна ло.

Синметтехь Iалашбеш къоман тIеIаткъам,

ТIанк аьлла нохчоллех вуьзна со ву.
Хало тIехIоьттича, ца бо ас латкъам:
Собар - сан толаман меттамотт бу.

Баркалла, со нохчо кхолларна, Дела!

Ахь дIа ца дайтарна нохчоллин доь.

Лаьттина, лаьттар ю, лаьтта цундела

Маршонан гIап хилла сан Нохчийчоь!

Хоттане, 1981 шеран февраль

Сайн нене

Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,

Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир.

Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,

Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.

Комаьрша догучу хьан дагна гонах

Дикалло яьккхина шен дашо тир.

Ас дагахь Iамийна хьан амат къона,

Къизачу хене и ца дайта шир.

Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь.

Ма сиха дIаели и мерза хан!

ХIинца-м хьо хеназа алсам Iа меттахь,

Хорам беш йогучу ойланна сан.

Халла бен ца йолу уча я ара,

Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа.

Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара?

ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа?

Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,

Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам...

Хьоьл хьалха вер ву со тIаьххьарчу новкъа,

Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам.

Хоттане, 1981 шеран апрель

Нене

Сан нана, дIавоьдуш, ас дуьту хьуна 

ТIехь беттан бос богу сайн иллийн жайна.

Цу юккъехь сан дегайовхо ю хьуна,
ХIоара баланза кIен буьртиг санна.

Шорделла, ас гулъеш дахаран баккхал,

Ас тIехьерчийначу декхарийн тIорказ -

МогIанийн деши сан хилахь уьш таккхал,
И хьош хьо декхарийн дайшна тIе гIор-кха...

Хьан кхерчан цIарца ас лалийна гIура,
Хьан куьйгийн токхонца эшийна гIело.

Хьоьца ас баьккхина дахаран мур а
Хиллера безаш ас гитоьхна лело...

Весет деш ас дуьту хьуна, сан нана,
Даймехкан стиглара седарчийн абат.

Хуур ду хьуна ахь и дешчахьана
Мел гена хиллера со ирсах Iаба...

Хоттане, 1981 шеран апрель

Зама

Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда,

ЮьхьтIе етташ дIадаьллачун чан.

ЙогIий-кхочий сан оьмаран хьаьтта,

Хийла хадий цо сан ирсан гIан.

ХIан-хIа, цIерхазамна ас ца биъна

Замане суо къар ца вайта дуй.

Суна дукхе-дукха хьалха хиъна

Лаьттахь иза эшош собар дуй.

Ас цундела хьалха лоьллу мАса

Хенан новкъахь сайн поэзин дин,

БIаьрца маракъуьйлуш лаьмнийн Аса,

ТIехьа дуьтуш сингаттаман Iин.

Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта,

Лало соьга денойн чорда дукъ.

Дезча мостагIашна дуьхьалхIотта

Тухур бац ас, кхеравелла, букъ.

Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам:

ХIун дийр ду ас езар кхетта лахь?

Гихь дIахьур бу хено сан синкъерам,

Со векалвеш накъост лаца - яхь...

Хоттане, 1981 шеран май

Сан некъ

Сан некъ - хьо бу суна, теша,

ГIулч иръен аьлха.

Ахь кхоьхьу сан ирсан беша

Азанаш маьлхан...

Сан некъ, хьоь сатуьйсуш даим

Анасиз лаьтта -

Стигалх дIа ца оьйтуш дай и-м

Вайн къинойн латта...

Сан некъ, ахь гаре сатуьйсу

Хьайн ваша - догIа...

Iаьржачу мархаша луьйсу

ГIаргIулийн могIа...

Луьсту ахь гарш, новкъадахарш,

Ойланаш ячош,

Гергарчийн Iожаллеш, дахарш,

Безамаш, ачош...

Сан когех хьожа а йохуш,

КIамво ахь кхерста.

Ойланаш сан акха йохуш,

Хьо керта леста.

Хетало хьан галцаш наггахь:

Цкъа - вон, цкъа - дика.

Хьайна сан гIулч-болар магахь,

Абде со вига...

Сан дегайовхонаш лаьтта

ДIо хIуьцIий-чIуьчIехь...

Бижахьа, сан некъ хьо, лаьтта -

Сан кхиэлан куьцехь...

Хьайн кераюккъе со виллий,

Хьуо суна хьиеха...

Сих-сиха олуш сайн илли,

Со хьоьца веха...

Хоттане, 1982 шеран март

Сан дахар

Хаьржина ваьлла со дахаран некъ,

Ленйоцу Iалашо лаьцна -

Ца тоьлу стигларчу гIаргIулел лекъ,

Мел хиларх и атта лаьцна....

Шал-шера къаьсташ бу сан иллин мохь

УгIарехь дерачу дорцан...

Лууш ву со талла кхолламан бохь,

Цхьаьнгге а ца доьхуш орца...

Арешна, тогIешна бетта ас букъ,

Ирхенаш эшаян Iемаш, -

Хала ду тIаьхь-тIаьхьа мел доккху дукъ,

Дазделла сан иллин тIемаш...

IаьнтIехь ас чилла лов, ткъа аьхка - тов,

ХIетте а ца лаьа тиекъа...

Емалдо шахьарийн урамийн зов

Татано ас бечу некъан.

Тийналла йохош ду сан гIулчийн дур,

Дегадеш хIаваан пиллиг.

Букъ тIехьа буьтуш сайн эшамийн мур,

Некъ барехь дуьллу ас бIиллиг...

Хууш ву, сайн болар ас даккхахь гал,

Там бу кху тIулгаш тIехь вожа.

Цундела ца йо ас Iалашо мал -

Лепа и, малх санна, можа...

Кхета со, каглахь сан кхолламан таж,

Лам соьга хьожур бу гома.

Делахь а, теша со: и бац сан кхаж!

Дала со кхоьллина тIома!

Цхьаммо цкъа керстйича сан некъан лар,

Ас дина гIалаташ лоьхуш,

Сан некъан жамI дийр ду сан къомо лар,

ДоIанехь со Деле воьхуш...

Мила ву Iалашо ца лехнарг цкъа,

Хотталахь бертал а оьгуш?

Ца гIатта ца лиънарг мила ву, ткъа,

Гор воьжна Iуьллучух хьоьгуш?

Ас лоьцу сайн некъан халонан лаг,

Хьуьнарца сайн дегI а дулуш.

Со хьанна хетар ву дуьненчохь стаг,

Вацахь сайн ницкъах бIобулуш?

Сан сийдеш гIаьттина сан некъан чан

Хьестало, белшаш тIе хуьйшуш.

Ас кIадо ца йо-кха сайн болар дан,

ГIулчашца чаккхармаш Iуьйшуш...

Дахаран некъ бо ас, ирбина бIаьрг.

Хуьлда сан Iалашо гIоза!

ДIо хьалха хир-кха цхьа билгало, хьаьрк -

Сан некъан чаккхенан доза...

Хоттане, 1982 шеран апрель

* * *

Сан иллеш, даим а Нохчийчохь диссалаш,

Махкана тешаме олхазарш хилий.

Оьздачу жатташна юккъера кхиссалаш

Къомана петоха мел гIерта илли.

Тхьамда веш ловзаран я да веш тезетан,

Ца хаьа мел вуьтур кхиэло ИбрахIим.

Цундела диц ма де дешнаш сан весетан:

«Сан иллеш, Нохчийчохь диссалаш даим».

Хоттане, 1980 шеран июль

Дохорах лаьцна гIан

Яьсса цхьа Даймехкан эвла.
Тхевнаш тIе луо оьгу дайн.
Сан гIенан баьрче а девлла,
Херцаш ду цIенош а дайн.

Лазамо Iовжабо кийра,
Сан набарх чекхболу и.
Кегъелча кхабанаш кхийра,
ДIалекъна шовданан хи.

Луьра ю февралан шело,
Къаьхьа бу дахаран чам.
Заманан бIаьрзечу кхиэло
ХIуй-пака даьккхи сан къам.

Сеттинчу кевна тIехь цIий го,
Кхерчаш го - дисинарш дайх.
Мохк санна, цхьалхачу къийго
Шах-ших до, тIам хьоькхуш лайх...

Со волу гIенан юккъера,

Сайн са луш инзаре шел...

Шовзткъе доьалгIачу шеран

Iа лела сан кораш кIел.

I982 шеран февралан 23 де

Поэтан кхоллам

Дуьххьара ша Лаьтта воссийна илланча Дала, 

Хетарехь, хьакъ вина дуьненан къаьмнашка ала:

«ДегIан чарх сайн берта яхале Iожаллин кхашца,  

Суо виц ца вайта ас шун синош къагор ду дашца».

Цул тIаьхьа дуьненчохь мел йоккха зама дIаяьлла,   

ХIетте а керла мел веанчу поэто аьлла:   

«ДегIан чарх сайн берта яхале Iожаллин кхашца,     

Суо виц ца вайта ас шун синош къагор ду дашца».

Иллешкахь зовдуьйлу дог Дала суна а делла,  

Цундела со а ву тахханехь ала кечвелла:

«ДегIан чарх сайн берта яхале Iожаллин кхашца, 

Суо виц ца вайта ас шун синош къагор ду дашца».

Ведана, 1982 шеран январь

* * *

Ца оьшу хьо яздан валла

Баккхалан хIуьмалгех кхин.

Хьайн илли мархашка лалла,

Лаккхаллех долийта и.

Ма гIерта и кара Iамо,

Де-дийне и долош пис.

Ма леца иллица гамо,

Къоламо раз хьаькхча сиз.

Ма марзъе хьарамчу текха

Оьздачу мукъамийн жутт.

Дош яздан къасточохь шекъа,

Ма дицде безаман мутт.

Бакъдерг бен баьрче ма даккха,

Ма тийса дешнашца пал.

Иллина хуур ду тIаккха,

Хастадан Даймехкан хьал.

Ведана, 1980 шеран сентябрь

Хьекъале латта

Моллас дIанисбешшехь упханийн лами,

Шабарца лаьтто а элира «Амин».

Коша тIе буттушехь хих буьзна чами,

Лаьтто а шабарца элира «Амин».

Чурта тIе язъелча стигалан ами,

Элира шабарца лаьтто а «Амин».

Мохь тоьхнна доIа дан хилча а аьтто,

Со теша, и дийр ма дацара лаьтто.

Велларг а, шех терра, тийна гуш, атта 

Кхетара веллачух хьекъале латта.

Хоттане, 1980 шеран октябрь

* * *

Хьайна тIе вон деъча, нахе ма дийца.

Хьайн деган кIоргенехь дIахьулде и.

Моьттуш хьайх доглаза массо ву кийча,

Ма леха хийрачийн бIаьргаш чохь хи.

Мегар ду, кхечуьнца и хилча санна,

Ахь дийца хьайн вон а, хьуо Iа ца лахь.

Хьан дагна паргIато хилча а ханна,

Жимъяла там бу ахь лайначун къахь.

Делахь а, набаро хьайна неI йоьллуш,

Хезар ду хьуна хьайн гIенашна хехь

Кхетамна галдаьлла хьайн син иэс доьлуш,

Цул тIаьхьа и тийжаш хьайн дагна тIехь.

Победино, 1979 шеран январь

Iаламан совгIат

Со теша, бохам мел хиларх а луьра,
Дог Iуьйдуш, тийсийтарх цо бIаьрхиш дуьра,
Гулдина дерриг а гIора шен син,

Адамо эххар а эшор бу и:
Бохаман алашо еттахь а берг,

Цул бIозза онда ву и лалуш верг.

Амма цул чIогIа а Лаьттахь ву стаг:
Ша Iашшехь лаьцна шен бохамо лаг,
Кхечуьнан бохамна бетташ верг буй,
Тесча къинхетамо дарбане суй.

Къинхетам - Iаламан совгIат ду хаза,
Оьздачун кийрахь бен ца доккхуш заза.

Победино, 1979 шеран март

Дахаран кеп

Дахаран сан денойх кхин цхьаъ а дIа юьстах дели.

Атталла, чемхалг а цхьанна а со декхар вац.

Гарехь, со хала а, атта а кханенга вели.

Цкъачунна хиндолчух дог дилла сан бахьна дац.

Къиношна дуьхьал со даим а деш ву сайн товба.

ЙоI-бIаьрган са санна, лардо ас сайн къоман сий.

Ас шалха дош аьлча, гIелло сан доттагIийн тоба.

Ас иллехь Бакъ ийдеш, озало сан мостагIий.

Хьараме текхайо шайн оьмарш цхьаболчу наха,

Сигаьркийн кIуьралахь хестаеш къаьркъанан кеп.

Даймехкан лай хилла везаш ву къонаха ваха.

Иштта ю турпалчу дахаран бакъйолу кеп.

Талдысай, 1982 шеран июль

Сан Хоттане

ТIуьна Iа. Сахалин-гIайре ю кIайн.
Ас хьуна сагатдо, сан хьоме эвла.
Хьан сийнна язйеш ву со байташ сайн,
Хьо йолчу сихъелла уьш тIома евлла.

Сан хьоме Хоттане, хьан кIант ву со. 

Сан дагалецамо хьан амат луьйсу.
ГIенах а хьо суна бус-буса го,
Самах а даима хьо дуьхьал туьйсу.

Сан деган серло ю хьо, Хоттане,

Ленбоцу орам ахь тесна сан кийра.  

Йовхо луш ю суна хьан кхерчийн цIе,

Сахалин-гIайре а цецйокхуш хийра. 

Хоттане, сан кхоллам цхьа тIадам бу   

Хьуна чохь лелачу дахаран хьесан.    

Цундела даим а сан лаам бу    

Байташкахь ца ала цхьа дош а деса...

Хоттане! Генарчу бераллин йиш,   

Хьайн хазчу мукъамца сан ойла ахка!  

Ас дагчу аьгна хьан меттигаш, хиш:     

Маштакх-арц, ГIалин-дукъ, Булкх, Iаьржа-ахка...

Хоттане, хьо йолуш сайн деган Iу, 

Кху пана махкахь а суо хета ирсе.   

Сан деган дух хьоьсту кхо мукъам бу:

Шелча-хиэ, ЖагIа-Iин, сан Душин ирзе...

Победино, 1979 шеран декабрь

*  *  *

Сан Хоттане - сан баьццара эвла,

Сан кхетамехь ду хьан орамаш.

Уьш дIадовлахь, дерриш дакъаделла,

Суна хьакъ ду уггар Iаьржа каш.

Хьуна генахь даг чу юьллу гIура,

Ястало и хьо бIаьргашна гуш.

Хьан некъашкахь Iуьллу тIулг а суна

Чиркхах богу, буса серло луш.

Хьо бен яц-кха сан са паргIатдаккха.

Ас сайн оьмар ерриг хьуна ло,

Нохчийчоьнан уггар аьхна дакъа,

Серладаьхнарг сан дайн бIаьрсино...

Хоттане, 1981 шеран май

Адамашка

Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош,

Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош?

Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош,

Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош?

Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна?

Дахаран  хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна?

Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана,

Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана.

Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна,

Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна.

Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла,

Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла...

Талдысай, 1982 шеран июнь

Дика а, вон а

Дуьненан дерриг а дика

ЦIеххьана деъча сан керта,
Деза ас и мича дига,
Гергарло цуьнца ца херда?

Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса,
ГIийлачийн керташка тийса».

Вон дагIахь, хилла шех уьйриг
Iаьржачу хIордал а боккха,
Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг,
Ца хирриг и сакх а, токх а?
Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн,
Цуьнцанна багабе сихха».

Хоттане, 1982 шеран май

*  *  *

Къайлахчу хьан гIенийн Iайлехь
Лаамийн марзонийн мохь
ЦIеххьана, лам санна, айлахь,

Эшош хьан кхиамийн бохь,
Ца оьшу гIайгIане вожа:
Хьо да ву хьайн кхиэлан кхожан.

Дуттуш хьайн гIуллакхийн пенаш,
Кхиаме кхачахь а хьо,
Лар йоцуш, дIадахь хьан гIенаш,
ГIелбеш хьан лаамийн бIо,
ХIуттуш хьайн дахарехь къелла,
Хьо, дийна воллушехь, велла...

Хоттане, 1982 шеран апрель

*  *  *

Къизачу бохамийн тоба

Ларийча хьан дагна гуо бан,

Хьокхуш хьан дахаро гIо,

ХIан-хIан, хьо ца оьшу воха,
Къар ца луш, жимма сатоха:
Цхьанхьара кхочур ду гIо.

Дикаллин бараман доза
Хулуш ду даим а гIоза.
Ма-хеззи ахь тоьхна мохь,

Кхочур ду доттагIийн орца,

Са къардеш эшаман дорцан,
Буттуш хьан хиндолчун бохь.

Хоттане, 1982 шеран март

*  *  *

Бохамо хьуо ваккхахь Iора,

Доцуш кхин сатоха гIора,

Кхолламна ма деха къа.
Ма яккха Iалашо воча,
Оьхуш хьайн кхетаман коча,
Якх а деш дахаран кха.

Хьо хьуо а вац хьайца бертахь.
Ахь дола деш йолчу кертахь
Дукха бу ца оьшу гIирс.
И бу хьан оьмарца къиза.

Ахь сихха дIакхоссахь иза,
ДогIур ду хьан дагчу ирс.

Хоттане, 1982 шеран май

* * *

Со мича гIур ву сайн кхолламах ведда?
Ирсан дитт жимделла, замано кхедда...

Дехар дарх, мохь бетташ, исс дуьне Iаддол, 

Юхнехьа доьрзур дац дахаран татол.

Оьмаран йохаллехь мел IаьIна хеттарш,
Шеконийн тIелхигаш, моьттинарш, хеттарш

Даккхийчу тIулгашха охкало коча,   

Ас хоьхку поэзин дин, боккхуш воча.

Амма со царах сайн лаг даккха мукъа,

Цхьаццаберш цецбийларх, сих ца ло дукха:

ТерзантIе жамI доккху хан лесташ герга,
Царах хир яц-техьа цхьа-ши-кхо герка?

Победино, 1979 шеран январь

*   *   *

Сихаллехь дицдина весеташ дайн,

Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда?

Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн?

Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда?

Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу.

И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш.

Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву,

Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш,

Хийлазза: «Замано ерзайо чов»,

Бохуш,  аш сан лерехь «зурманаш» лекхна.

Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов,

Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна.

Мичахь ду цаьршинна лерина гIо?

Дийцаре дийцина «заманан дарба»?

Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го,

Текхна берд хьанна а атта бу къарбан.

Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов,

Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна.

Хьурмато къовлур ду шен дашо ков

Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна.

Iаьржа бос - Iаьржа бу, ткъа кIайниг - кIайн.

Ма лара цхьатерра марзо а, стим а.

Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн,

Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма!

Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш.

Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта.

Iаламан чевнашна ваьш дарба деш,

Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта.

Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август

Бераллин бIарлагIанаш

  

Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй,

Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш.

Бераллино дагчу тесна суй,

Корехь леста боллан сийна генаш...

Сан бераллин махехь леста гIаш,

Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза.

ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, 

Царна тебаш Iа тхан цициг къорза...

Серладохуш сан ойланийн ткъес,

ГIайби бухахь лепа ненан туьйра.

Доггах толлуш дицлур доцу иэс,

Сан бералла лела когашIуьйра.

Бераллино дагчу тесна суй,

Корехь леста боллан сийна генаш...

Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй,

Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш.

Хоттане, 1981 шеран май

Цхьаболчу «накъосташка»

Ас дагчохь маьждиг деш, аш йора клуб.

Со цIаре кхийдаш, аш лохуьра гIура.

Олура: «Дин ду - хьан ойланийн туп,

Ткъа цул а коьрта ю къоман культура».

ДоIанан метта аш йоьшура стих.

Ас ламаз дечохь, аш «зарядка» йора.

Гечо а кароле, воккхуш со хих,

Сан шира «Iадат» аш доккхура Iуора.

Сийсазбан гIертара сан деган малх,

Олуш: «Ахь лелориг! ЦIена эхь дац и!

Йитахьа юккъерчу бIешерийн чалх,

ТIеверза стоьмашна цивилизацин!».

Вайн динан серлоне гIертачу сох

Аш вора «ширачу боданийн молла».

ХIун дийр ду аш, багIахь маршонан мох?

Цо хьошур ма ду и шун дегнийн лолла...

Соьлжа-ГIала, 1981 шеран сентябрь

*  *  *

Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша,

Ма дукха-ъ хилла шу - са кIеззиг дерш.

Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша,

Шу гIерташ со малван - шайн хирриг деш.

Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха,

Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш.

Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш

Цхьанна а ца хета чемхалган меха.

Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена

Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь.

Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена:

Сан тур ду - сан дайша ларйина Яхь...

Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль

*  *  *

Ишколан доттагIий - дахаран хазна сан,

Ислам а, Руслан а, ший а Рамзан.

Дикка хан дIаяхна шун аьзнаш хазанза,

Шу юххехь ца хилча, сагатло сан.

Шух дIа а хервелла, ял токхуш эхьана,

МостагIий кхардабеш, муха Iер ву?

Мел гена ваьллехь а, кхийти со-м цIеххьана:

ДоттагIий, вайн марзо-м дийна ма ю!

Победино, 1980 шеран апрель

Цхьалле

Шийла цхьалла, суна евза хьо,

Девза хьан гIайгIанийн хIора сиз а.

Сан дахаран хийла къона шо

Дагий ахь хьайн набарзаллехь къиза.

Сица луьттуш хийла хьоме цIе,

БIаьргаш хьалха хIутту хийла иэшам.

Амма кхачарх уггар Iаьржа де,

Со ца къахко хьаьжна ирсах тешам.

Ваьхна со, дуьненах тардеш цIа,

Юххехь воцуш вевза-везарг цхьа а.

Цхьалла, агарх ахь сан ховха са,

Со хьан ницкъе къар ца велла цкъа а.

Шела, 1981 шеран февраль

Ирсан седа

Мичахь бу-те хьо, сан ирсан седа?

Хьо муьлхачу мархаш юкъахь къеда?

Хьуна тIе со муха кхочур ву?

ХIора буса, даккхий синош дохуш,

Хьо стигалахь кхетар бац-те бохуш,

Малх схьакхетталц со ца воьрзу чу.

Хьаьдда йоьду сан къоналлин зама,

Ткъа ахь цуьнан цхьалла хьоьсту, амма

ТIе мел текха оьмарера Iа,

Ваха лаьа массаьрца а берта -

Иштта, олхазарш а жутт ян гIерта,

Кечлуш даха гена новкъа дIа.

Победино, 1981 шеран гуьйре

Куьйра

Ломан юьртан стиглахь хьийза куьйра,
ТIеман буьрса кхерам санна, Iаьржа.
Сацайо сан нанас лесто куьйра,
«Кхуввай, кхуввай» - хIора кертахь даьржа.
    
Сийналлино декъалйинчу Iаршахь
Ца товш санна хета суна куьйра -
Кху сан эвлахь цо шен ижу харжахь,
Къежлур ду сан бераллера туьйра.
     
Миска къуьрдиг юьтуш хьере ека,
КIорни хьаладаьхьча гIушлакхене,
Муха Iийр ву воцуш санна шек а?
И диц а деш, муха вер ву хене?

Сан бераллин гIаларт когашIуьйра

Доьлхур ма ду, буй а хьийзош бIаьрга,

Стигал хедош, хьовзахь Iаьржа куьйра,
И тарделча санна тIеман хьаьрках... 

Амма  дуьхьалтуьйсу дедайн яххьаш,
Хаден бIаьвнаш, баьччин тур а, буьйр а,
Хьийза даьлча, цоьстуш лаьмнийн баххьаш,
Бумба туху кема санна, куьйра...

Хоттане, 1981 шеран бIаьсте

*  *  *

БIаьстенца вистхуьлуш Iаламан хазалле,

Дегнаш тIе деттачохь зазанийн дарц,

ДIабахнарш мичахь бу ма хетта азалле:

Эхартан тийналла мотт хууш яц.

Хан лелаш, лазамаш дIахьош а, бахьаш а,

Шен къиза дола деш хIора а син,

Упханаш тIехьара кхелхинчийн яххьаш а

Лийчор яц вайн бIаьргийн зIаьнарша кхин.

Адамо дола дан йиш йоцчу Iаьршашка

Цхьаьннан са хьош дахча Iожаллин дур,

Рицкъа дIакхачонза биссинчийн бIаьргашка

ГIайгIано хьовзабо Iийжаме  кIур...

Хоттане, 1981 шеран апрель

*  *  *

Схьахезий кхолламан кIоргера аз,
Ас карла доху сайн дIадахна денош.
Хиллаче, леллаче бIаьрг туху ас,

Карарчу маьргонийн шовда а Iенош.

Диц ца ло дарцо сайн кор деттар Iай,
СтелаIад - аьхкентIехь мархашлахь кхаьзна.
Тахана-ъ со-м хезаш санна ма Iай
Беттасин серлонгахь зарзарийн аьзнаш.

Тхов тIера чуоьгу моттуьйтуш шаьш,
ЦIийна тIе лахделла седарчий дара...
Яхош ас безамах ен ойланаш,
Шовдано тIулгаш тIехь йоккхура гIара.
 
Йиц ца ло суна сайн ишколан беш,
Ишколан хехо а - воккхастаг Доша.
Сан хIора дустарна хастамаш беш,
Сайн байташ ешар а цхьанаклассахоша.

Дахкарлахь хьулбелла сопканан бохь -
Iеминарг маьлхан бIаьрг шена тIехь сеца...
Дахарехь текхабо ас беза мохь -

Замане къар ца лун сайн дагалецам.

Победино, 1979 шеран октябрь

*  *  *

Шен когашца цоьстуш бода буькъа,

Цициг санна, тхов тIехь лела догIа.

Цуьнан кIорни яцахь тамаш бу-кха
Дагах мIараш туьйсу байтан могIа.

Дешнийн хьуьнах тилабелла лелла,
Кхечи и сан дарбанечу кийра.
Хир ю цунна зов декоран къелла
ХIара догIа хетахь суна хийра....

Дагалецам денбан гIерта мох а,
БIаьрхих иэбеш иэсан хIора цинц а.
Цициг санна, тхов тIехь лела догIа.

Амма хьуна и дицделла хIинца...

Победино, 1979 шеран сентябрь

Бералла дагалоцуш

Шайх дIахудуш маьлхан зIаьнарш можа,
Хьаьрса декхнаш махехь техкаш Iа...

Яьлла яц-кха  бераллера хьожа
Кху сан денойн куьйгаш тIера дIа.

Зезагаш ду, ховха беснаш оьхьуш,
БIаьргаш хьала хьежош гIушлакхе...
Лийлир-кха со, уьш сайн нанна кхоьхьуш,
Беснаш лепош сийна, можа, цIен...

ДоттагIа а вицлац берахьлера,

Ловзуш лелларг сайца буьрканах.
Булкх-хи юххехь хилла МIомуш хьера

Ондда дIаийна сан кхетамах.

Хьочан заза санна, оьгу шераш,
Амма цаьрга иэс сан къан ца ло.
Ас йиц ца йо сайн юьртахойн цIераш,
Уьш сан дагна шаьш ма-барра го.

Сан бераллин хьожа-м ю цхьа тайна,
И ма ю и - беш сан дагна там -

Сан оьмаран уггар коьрта жайна,

Ас сайн ирсан неI схьайоьллу тIам...

Победино, 1979 шеран июнь

*  *  *

Махехь уьдуш, говран санна
Яьржа стиглахь мархийн кхес.
Гича иза иштта сайна,
Дендо ас сайн шира иэс.

Йолуш бIаьста зIийдиг бецан,
Говра тIаьхьа тесна нох,
Хета дас со вуьгуш шеца,
Улле боккхий бовха мох.

Говро кхес шен дIасаеттар,

Деган байракх санна сан.

Дас сан, охуш, соь мохь беттар,

Ойла йича, хета гIан...

И сан тида хир ву мила?

ХIинца-м куьйгех етташ це,

Уьду зама - чехка гила,

Кхес шен етташ сан юьхь тIе...

Хоттане, 1978 шеран март

*  *  *

Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш.
Батто стигалахь нека чехка до,
Дато нуьрца шен бода меда беш.

Хан дIайоьду ша яьлла Iодара,
Новкъа йоху и шерийн секхаша.
Буьйса йоьссина кху сан кIотара,

Лела IиндагIаш - уьдуш, текхаш а...

Ахьа-м ойланехь васт сан къехкадо,

Луьста доцу хьайн бIаьрхиш ледадеш...

Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш...

Победино, 1979 шеран аьхке

*  *  *

Меллаша Iарждели аьхкенан де.
МаьркIажан IиндагIаш серлонна теба.
Шелделла диттан гIаш дуьйлалуш хеба,
Сингаттам базбели сан дагна тIе.

Анайист ягаеш, дIабайча малх,
Дуьне а хетало, каш санна, Iаьржа.
Букъбелла боданаш ца хеташ маьрша,
Кертарчу жIаьло а ца олу гIалх.

Цхьа чIогIа лаамза схьакхетта бутт
ГIерта-те соьга шен сингаттам бийца?
Я шениг керлачу сайнчуьнца хийца,

Мерза ду мотталуш адамчун мутт?

Куьг лоьцуш седарчийн догIанна кIел,
Хир вара, кераюкъ дато еш цара,
Со ирсе, уьш сайна гуш дацахьара
ТIаьххьарчу серлонца къагош шайн кхиэл.


Делахь а, чаккхе яц хIуманна тIехь -
ДIадахнарг хийлазза доьрзу юхнехьа:
Маьлхан доь дIадайча лаьмнашна тIехьа,
Сатасар кхоллало анайистехь...

Хоттане, 1980 шеран август

Лайн чимаш

Стигал ю, хи санна, тIуьна.
Мархашлахь беттан ах теба.

Лайн чимаш серлонгахь цуьнан
Исбаьхьчу жовхIарех лепа.

Уьш ду-кха сан жайнин хьаьркаш,
КIордадац суна уьш деша.
Со санна, шовданийн бIаьргаш
Оцеран йозанех теша.

Стигалахь беттан ах лела,
Мархашла дато нур детташ.
Лайн чимаш лепа цундела,

Тийналлех стешха кадетташ...

Победино, 1979 шеран январь

*  *  *

Даккхийра кIайн синош дохуш,
Дато дарц сан уьйтIахь хьийза.
Соьга ша чудита бохуш,

Да воцчу жIаьлех и цIийза.

Къоначу гIоранах тешаш,

Кхиссало лайн чимийн цинцаш.

Можачу малхана тийжаш,
Дорцан син йишхаьлла хIинца.

Балахьа, дашо малх, орцах,
Яржаеш хьайн зIаьнарш тайна.
Моьтту-кха чекх хьаьжча дорцах,
БIаьстенан заза го сайна...

Хоттане, 1978 шеран январь

*  *  *

Дацдала дуьйлало денош,
Яссало гуьйренан хIусам.
Дитташа, можа гIаш Iенош,
Мехашна Iамабо узам.

КIадделла догIу сан болар
Тачанийн текхаргех къехка.
Стиглара массо а кхолар
Сан дагтIехь йочанех техка.

Буьртигаш даточу тхинан
Ца догу даттанан цIергахь...
Ас хIун де гатлучу сина

И хилча цхьаллина гергахь?

Победино, 1979 шеран октябрь

Бутт

Хан дIаэхарх, ца до-кх кIорда цунна
Лаьтта Iено кIайнчу басахь моз.
Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна,
Стиглахь лепа беттан горга хIоз.

Буса Iаьржа мархаш къехкош дай и-м,

Хийла зулам цуьнах кхоьруш Iа.

Беттасино гIо до вайна даим

Дегнашчуьра бода лалла дIа.

Гонах яржош дIо седарчийн кана, 

Цо хIоттийча стиглахь дато той,

Iаьржа зулам - вайн бохамийн нана -

Доду, беттан серло ла ца лой.

ТIаккха цIинлуш санна хета латта,

Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса.

Хуьлу цунна буса набъян атта, 

Беттан бIаьрго дечохь шена ха.

Победино, 1980 шеран март

Тийналла

Сан дагна тIехула лепаш

Даим а сийналла ю.

Сан байтийн Iаьнарехь дебаш 

Мукъаме тийналла ю.

Аренан тийналла, ломан 

ГIургIезан мас санна, яйн.

Тийналла хьуьнхарчу Iоман -

Аз доцу весет сан дайн.

Тийналло дарба дой, цкъацкъа

Дерзадо дагчуьра даI.

Амма и ханна бен яц-кха -

Байттамал, байттамал-яI...

Хоттане, 1980 шеран июль

БIаьсте

Юха а бIаьсте ю. Декхнаш ду доьлхуш,

Лууш со езачун лар лаха вига.

Iа шайца дIадуьгуш, мархаш дIайоьлхуш,

Малхана товрриг деш, дIацIанло стигал.

Ткъа цуьнан сийналла - сан бIаьргийн доIа - 

Лепа кху бIаьстенца, дагна беш хьаам.

И хесто дуй бууш нохчочун воIа,

Дуьненчохь кхуьур бу кхин цхьа синхаам.

Победино, 1980 шеран апрель

БIаьсте йогIу

Боллан дитт ду даккха гIерташ заза.

Ловсарбоьлла хьуьнчу боьду некъ.

Керла бIаьсте йогIуш ю цхьа хаза,

Зезагашлахь йоьлуш, суна тIе.

Метта буьххьехь дешнаш меттах дуьйлу,

Хьалхе къовса бIаьсте хастаеш.

ТIуьнчу лаьтто маьлхан зIаьнарш муьйлу.

Човкарчий а хьийза, баннаш деш.

Юьртахой бу аха бохкуш кханнехь,

Уьш керташкахь нахарш хьедеш го.

Тийналлино шен гуш йоцчу канахь

Сатийсамна хIаваъ мийладо.

Хоттане, 1978 шеран апрель

Керла бIаьсте

ЭхI, сан гIайгIа... Хьочо даьккхи заза.

Лаьтта хьоьжу мархийн екхна яххьаш.

Керла бIаьсте йогIуш ю цхьа хаза,

Стохкалера гIаргIулеш а яхьаш.

Метта буьххьехь дешнийн оьла IаьIа,

Со векалвеш зевне илли ала.

Декнийн генаш лаьтта охьатаьIа,

Хьаста лууш яр а, бецан хал а.

Олхазарша гонах йоккху гIара.

Стигал а яц  дагахь кеста яча.

Мела хIаваъ доггах эккха мара,

Когех хьаьрчаш хьуьнчу доьду тача.

Хоттане, 1981 шеран май

*  *  *

Уьшална мел хала ду-кха

Хан такха, уьшал а хилла.

Пхьидашна и еза дукха,

Лаарна чунна чохь Iилла.

Амма тIелоцуш ю иза

Ша уьшал хилар дуьненахь:

Кийча ю чуоза къиза

Милла а, мичча а хенахь.

Деккъа цхьа хьоста ду-кх уьнан,

МостагIчун цIий санна, детта.

Цхьаьнцца а бала бац цуьнан,

Ца деза тулгIенаш етта.

Делахь а, синош а дохуш,

Дехар до цо чIогIа къиза

Кхиэле, шех татол де бохуш.

Кхиэлана лаьий, ткъа, иза?

Смирных, 1979 шеран аьхке

*  *  *

Хьаннаш тIехь лепара ткъесаш,

Нур санна догучу син.

ТIунлора буц-ярийн кхесаш

Цинцашлахь шовданан хин.

ЦIийзара базанийн тоба,

КIохцалгаш шен Iенадеш.

Ойлано хьоьхура товба,

Къиношна капарат деш.

ГIертара тIурнене кхача

Беттаса, къагабеш лам.

Ас хьуьнчохь лийхира тача,
Карийра уьшалан Iам.

Хоттане, 1980 шеран июль

Гуьйренан туьйра

ДогIа догIу, силам-новкъа эгош можа гIаш.

Урамера стогар бу тхан уьйтIе ларъеш Iаш.

Дитто соьга шен тIадийна га схьакхийдадо.

И сан экамечу дагна милла дегош го.

ЧIанадаьлла, охьадоьжна тIера массо гIа,

Бер кхелхина ага санна, техка Iаьржа га.

Ас дIахьор ю цуьнан гIайгIа, боккхуш сайна мэл,

ДIо бIогIам тIехь серлабаьлла Iачу чиркха кIел.

Цо догIанан цецах луьттуш и шен серло кIайн,

Йилбаз-гIала санна хета суна уьйтIе тхайн.

ДогIано, чубетташ тIера шен тIадамийн гам, 

Некъан букъ тIе, йома санна, латий Iоврийн Iам.

Цу чохь, лоппагаш а хIиттош, кхехка шийла хи,

Сацкъарш юкъахь хене дала реза дац-кха и.

Цунна хета шен кхолламах стогар боьлуш Iаш,

ДогIа тIеттIа марсадуьйлуш, эгош можа гIаш...

Хоттане, 1980 шеран ноябрь

Айзе

Декаш ду Сахалин-гIайренан чIоб.

Кху пана арахь сан сагатло, Айза...

Стихашкахь хестабо ас нохчийн поп,

Вас ешшехь кхузарчу дитташна айса.

Дийцахьа, керланиг хIун ду вайн цIахь?

Генналлин ницкъ бац-кха вайн марзо йохо.

Хаалахь, суьрта тIехь со воьлуш гахь -

Дийна юй хьоьх йолу сан дегайовхо...

Победино, 1979 шеран аьхке

Л. Ж.

Хьан деган йийсарехь веха ИбрахIим,

Лууш хьан ойланех верриг дIаиэн,

Даггара лууш хьо гIенах ган даим,

Шеллучу хьозанна бен санна шен.

Йохуш сайн ойланийн хорханаш чIана,

Лоьхур яц ас хийра марзонаш кхин:

Ховхачу хьан дагна со хетчахьана

Йогучу гIамаршлахь къурд санна хин.

Мацца а, ячделча оьмаран денош,

Детташ шайн синзаза дагаден ткъес,

Кхолламан догIано тIадамаш Iенош,

Iалашдан гIорталахь безаман иэс.

Сан кийра тIам тоха баьхьар бац бохам,

Ахь кхиош хилча сан ойланийн хIу.

Хьан васто дашо беш сан кевнан бIогIам,

Бутт даим сан уйтIа кхетта хир бу.

Хоттане, 1982 шеран апрель

Сингаттаме байташ

ГIайренан мехашна ветталуш мара,

Эсала аз дагалоьцу ас хьан.

Хаьий-те хьуна со мел лууш вара

Хьан бIаьра хьаьжначохь даим а Iан.

Хаац, со кху пана хIун лоьхуш кхаьчна,

Лом санна, дахделла дижинчу Iа?

Сан боккха сатийсам кхачийна, баьчна,

Ткъа, гIайгIа, бод санна, севсина Iа.

Саттосуш зарзъели стигланан чкъуьйриг.

«ХIуп» аьлча, суй санна, бутт а дIабай.

Охотски хIорда тIехь тулгIений уьйриг

Атало, даржадеш шен цинцийн вай.

Сира де хьан бIаьргийн бос бахьаш деъна,

Куьйсачу кондаро етта шен йорт.

Мотталой со хьуна хийисте веъна,

Шовданах сан когех хьекхало хIорд.

Победино, 1979 шеран октябрь

Шийла безам

Вовшийн бIаьра хьажар хилча вайн,

Хир цхьа бахьна суна хетаран а 

И хьан безам, шех дарц хуьлуш кIайн,

Сайн экамчу кийра хьоькхуш санна.

Во со-м ирчу лайн чимаша бIарз,

Къинхетамза лечкъош чкъуран йовхо.

Лайно, гулбой дагчохь боккха барз,

Цу тIе хийшайо сан дегайовхо.

  

Со хIетте а гIерта хьуна тIе, 

Декош пиллиг гIорийначу озан.

Лууш ву со, махехь юстуш ше,

Ша тIехь къасто хьо езаран доза.

  

Хаац суна-м мила тешар ву,

Нагахь, хуьлуш сайн кхолламна къера,

Аьлча ас сайн шийла безам бу

IаьнтIехь стом луш болчух диттах тера.

  

Ведана, 1978 шеран февраль

ДIасакъастар

ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа,

Меллаша йолало, со шеца хьош.

Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа,

Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош.

Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта,

Цундела бац-кха сан синлазам туьйш...

Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата

Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш.

ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала - Аштаркхне», 1982 шо

Элине

Хьан куьйгаш - кIайн-меда йовхо.

БIаьргаш чохь - сийналла Iоман.

ХIун хир ду дуьненчохь йохо

Хьоьх лаьцна сан ойла тIома?

Ахь охьахецча хьайн кIажар,

Йожалац къастаре мажар.

Хьан амат сан дагах ийна,

Элина, Элина, Элина...

Суна ахь цхьа бахьна дита

Сих-сиха шайн юьрта леста.

Йолахьа суьйранна хитIа,

Когаца сийна бай хьеста.

Шовкъе еш куьцо хьан дегIан,

Хьагаме сан ойла хьиэгIа...

Хьо йоцуш со муха Iийна,

Элина, Элина, Элина?..

Цхьаммо а хьаянза цана -

Хьан беснийн экаме цIелла.

Малх кхулу шен зIаьнаршцанна

Хьо хаза юй хиъча шел а.

Ас хьайна байт аьлча хIара,

Хьайн мухIар ло суна кара...

Сан кийра ахь цIе латийна,

Элина, Элина, Элина...

Хьо хIунда ца гIерта къадо

Ас кийрахь хьулдийриг деза:

Еза-те хьо чехкка ядо,

Я цхьаьнга хьо еха еза?

Ваккхахь со нийсачу новкъа,

ГIалате ца хьоьжуш шовкъан.

Догучу сан дагах теша,

Шеконца соьга ма хьежа -

Ла ца ло хьан бIаьргаш сийна,

Элина, Элина, Элина...

Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август

ХIорда йистехь

Исбаьхьа васт кхуза схьакхечи хьан,

Сан дагна совгIатна бос бахьаш цIена...

Суна гург ду-техьа семаллин гIан?

Я гIенан кхоьлахь со ву-техьа сема?

Амма сурт бIаьргашна хьалхара дIа

Ца долу, со а вац и сайх дIахердеш:

Хьан гIаларт стигалахь мотт лаьцна Iа,

ТIемашна кIел лоьцуш гIайренан бердаш.

Хетало, юьхьтIера маьлхан бос бовш,

Ахь хала детташ хьайн гIелделла тIемаш...

Хуьлда-кх хьо боккъал а халонаш ловш,

ХIаваэх сан дагна тIекхача Iемаш!

ДIо геннахь тIунъелла го анаюх,

Берда тIехь атало тулгIенийн тата.

Хьоьх тарло маякан серлонан дух,

Хьоьх тарло дIо хIордакеманан гата.

БIарлагIийн тобано веш хилла вох,

Езачун сурт хIотто и хилча оьшуш...

ТулгIенийн агIонаш хоьрцуш Iа мох,

ГIамарш тIехь ас язъен байташ а йоьшуш...

Победино, 1979 шеран бIаьсте

*  *  *

ХIунда ду сатийсар гуттар а гIайгIанах ийна?

Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а кIеззиг ца Iийна...

Цхьа хазахетар ду сагатдар хIун ду ца хууш -

Хаац-кха, вай хIунда дацара цуьнца Iан лууш.

Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам IаьIна,

Вай хууш дацара атта дуй дахаран маьIна:

Муьлхха вай яккхахь а ирсан рагI лацаран лоьмар,

Ханна бен яц-кха вай идочу гIуллакхийн оьмар.

Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а - 

Дуьненчохь хан йоккхуш цунна тIе ца къаьчна цхьа а.

Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,

Гуш йоцчу чаккхене вай чIогIа сатийсинера.

Со чIогIа реза ву вай иштта тем байна Iерна,

Хан тIе ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,

Ца хууш, дахаран жамIаш дар хир доций нийса

Болийна некъ бина валанза - гара я нийса...

Хоттане, 1981 шеран январь

  

Хьуна хьайнна

Шатайпа стихаш ас язйийр ю хьуна,
ХIуттаре хуьлуйтуш къастаран хьуна.

Ас хьуна доьллур ду Малхбален кораш,
ЗIаьнаршка хьекхийта хьан уьйтIа нораш.

Ас хьуна дахьар ду Малхбузен беснаш,

Цаьрца товш юй хууш хьан цIегIа беснеш.

Хьан дог ца даккхийта гIайгIане воча,
Ас хьуна седарчий ухкур ду коча.

Веана хьан куьйгийн йовхонна юххе,
Дуьне ас дуьллур ду хьан кераюккъе.

Ас хьуна хазор бац кхин Iоттабаккхам -
Шеконо совгIатна кховдийна баккхал.

ГIур ву со лаьттах я мархашка хьала,
Хилахь сан лулалла лан хьуна хала....

И дерриг дийр ду ас (ца оьшу ела!),
Хьо сайга эсала схьахьаьжна дела.

Хоттане, 1981 шеран февраль

*  *  *

Мел атта кхоллало илли,
Хьан бIаьргийн седарчий гуш.
ГIевланга сан васт а диллий,
Дохдехьа хьайн гIенан гIуш.
     

ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан,

Хьайн зевне аз хуттуш тIе,
Ца хирриг иллешна новкъа

Хьайн деган гIелъелла цIе.

Вехьа со бIаьстенан декъах
ГIитточу хьайн дагчохь зов.
Ас юхьарлаьцначу некъах
Тохахьа безаман тов.

Хоттане, 1978 шеран март

*  *  *

Хьо туьйли вайшиннан къовсамехь, езар:

Ахь къиза дIатетти сан массо дезар.

Хедийна ели хьо сан байтийн тIемаш,

Со иэшон Iемаш.

Хьо нехан гIийбатех ца оьшу кхера:

Ахь цаьрга ладегIахь ер ю хьо хьера.

Соь ала мел дезарг хьо аьлла яьлла,

Соьх дог а даьлла.

Хьалхара къурд а бай къастаран хIонах,

ТIаьххьара бIаьрг тохий сан дагна гонах,

Кхин лаьтта ца божош хьайн бIаьрхих цинц а,

ДIагIохьа хIинца.

ДаьргIа, 1978 шеран апрель

*  *  *

Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац.
Ца оьшу гIерта со тIехIитто дуйнна.
ДIаяхна марзонаш схьайогIур яц.
Суна хьо йицъелла Iуьйранна дуьйнна.

Хила а там бу-кха хьо - бакъ, со - харц.
Делахь а, безаман хи лекъна даьлла.
Мажбелла шовданна уллера арц.
Хьо суна хIинцале йицъелла яьлла.

Ма гIерта, пIелгаш а сеттадеш хьайн,
Сан дагахьбалламан мIаьргонаш хьаста.
Мархаша дIалеци беттаса кIайн.
Тахханехь сацам би ас хьоьх дIакъаста.

Дицди ас хьо сайна евзина шо,
Кхолламо сайн даг тIе хьаьрсича туьха.
Балха тIехь, пхьоьханехь ма леха со.
Хьо суна йицъелла... хьо галлац юха.

Хоттане, 1981 шеран март

*  *  *

Ас хIун дан дезара суо зезаг хилча,

ДIо полла тIехиъна Iаш долчух тера?

Ахь лорур дарий-те и зезаг ирча?

Ахь оьцур дарий-те и цкъа а кера?

Со техка ойланехь зезагашцанна,

Хьан бIаьрийн полланаш сайн куьцах хьегош.

Делахь а, хетало хьоьх къаьсташ санна,

Шен жаззаш зезаго бацала эгош.

Хоттане, 1981 шеран июнь

*  *  *

Сонтачу ойланца хьуна петоьхна,

Вахара со кхечу марзоне хьаьдда.

Соь болу хьан безам, тулгIе а тоьхна,

Меллаша дIабайра, тай санна, хаьдда.

Хенан мур, со вигнарг хьоьцанна берта,

Хьаьрк хилла дIабахна кхолламан жайне.

Чекхдаьлла дерриг, со ца оьшу гIерта

Хотталуо баха а хаьддачу тайне.

Амма шаьш хIинца а гIоране лоьруш

Къаьхьачу ойлано дебочохь ваьснаш,

ДоIахлахь стимах шаьш лелхарна кхоьруш,

Тебна Iа сан дегайовхонан аьзнаш.

Сайн дагахьбалламна юьхьдуьхьал воьрзуш,

Лаьар-кха, эрна дуй хуушехь сайна,

ТIаьххьара со Iехош, соьгахьа йоьрзуш,

ТIаьххьарчу бIаьрца ахь мэл баккха хьайна...

Дишни-Ведана, 1978 шеран март

Хьоьга  хьоьжуш

Собар кхачош доллу сан а,

Хьо ца йогIуш. Даьлла итт.

Седарчаша дусуш санна

Хета беттан горга кит.

Махо наггахь доккхий ловза,

Мархашлахь и го я дов.

Серлабоккху цо цхьа говза

Хоттанера клубан тхов

Дитташ тIера бода багош,

Дато до цо церан гIаш.

Ломан баххьаш нуьре къагош,

Iинчу туьйсу IиндагIаш.

Баца юккъе тхишца цхьаьна

Тийналло шен Iенош мутт,

Гинсух Iоман хичу Iаьнна,

Бешна бели цхьа кхин бутт.

ДIадай, цуьнах ийча санна,

Стиглахь болчун горга кит.

Дерриг собар кхачий сан а,

Дуккха-ъ хан ю даьлла итт.

Хоттане, 1981 шеран май

*  *  *

Хьуна юххехь суна хазахета.

Сайга хьаьжча ховха бIаьргаш хьан,

Сайна ши стигал гуш санна хета,

Ший а сийна - ирсан, безаман.

Эхь хетарна лаьтта бIаьра хьоьжуш,

Хьо дIатийча, йист а ца хуьлуш,

Сингаттаман къаьхьа йоза доьшуш

Iа со, логах кхозуш санна муш.

Маржа яI-кха, даим хьоьца хила

ХIокху Лаьттахь, иштта эхартахь.

Ца гуш виссахь цу хьан бIаьргийн лила,

Телхар ву со, нагахь лан ца лахь.

Хоттане, 1980 шеран ноябрь

*  *  *

ТIепангах тера ю вайшиннан уьйр а.

Дог морцуш, и маца эккхар ю-те?

Ша лееш, ас шена мел дуьйцу туьйра

Цкъачунна-м бакъ хеташ цо лаьцна тIе.

ХIинца-м сан Iар-дахар дижна шен хорша,

Оьмарна аьхна беш къоналлин мур.

Амма сан ойланна йогIур ю хорша,

Кхачадахь хьан бIаьргийн беркате нур...

Хоттане, 1981 шеран апрель

*  *  *

Хьоьх лаьцна айса ен хьагаме ойланаш, Зайна,

Стихашка ерзийча ас, царех могIанаш дина,

Со ваьлла хир вара яздина цхьа эзар жайна,

Чулацам шайн болуш ца яллал хьо тамаш бина.

Амма со вац хIинца кехат тIехь къоламаш шершош,

Цундела сан байташ яц хьуна цкъачунна хьекъаш:

Хьоьх лаьцна айса ен ойланаш гIулчашка ерзош,

Хьо даим ган хьаьгна, ас толлу хьо лела некъаш.

Марзойн-Мохк, 1978 шеран апрель

Сан бIаьстенаш

Шен-шен цIе лелош ю сан хIора бIаьсте.

Масала, цхьаьннан цIе - Тамара яра.

Лийлира, бохуш, и сайна гур яц-те,

БIаьрзечу мехашна ветталуш мара.

ДIаяхна мерзачех сан бIаьсте - Зина,

Аьхкенан ченашлахь дIаяйна Зара...

Хилла-те сардамо сан кхоллам зийна?

Я хилла-техьа сан ирсан некъ гара?

Тахана кхин бIаьсте сан дагах ийна,

Къежадеш шен бIаьргийн стигалан лила.

ЦIе а ю зазашлахь лепаш - Элина,

Хьакъ ю и тIаьххьара сан бIаьсте хила.

Соьлжа-ГIала, 1980 шеран сентябрь

IаьнтIехь къастар

Шун кетIа ша хьаькхна шера.

Батта кIел къегаш ду ло.

БIаьрхиш а хьан беснеш тIера

Тардина седарчех цо...

Хаац-кха уьш хIунда леда,

Сан ойла гIайгIане хьош...

ТIаьхь-тIаьхьа ма маьIне хета

МаьIнанза мел аьлла дош.

Мискачу безаман цинцаш

Оьгуш ду, луо хилла дайн -

Замано хийцина хIинца

ДогIмаш а, синош а вайн...

Лепаш ду кхолламан гIалат

Хьан беснийн луо санна, кIайн...

Безаман экаме гIаларт

Вайшинна букъ тухуш, дайн...

Дишни-Ведана, 1978 шеран февраль

Байттамаллин байташ

Вайн къастаран махехь

дешнаш дайна сан.

Карор дуй-те цкъа а

церан довха маьIна?

Генахь ю хьо суна,

таро яц хьо ган.

Ирсан цIе яьгначохь

юкъ ю хIинца IаьIна...

Сирла хьан куц-сибат

муха ду-те тахна?

Схьахетарехь, со а

хир ву хийцавелла,

Гена ваьлла Iарна

кхерчан цIарна, махна,

Дагийначу гIанийн

кIуьрах тар а велла.

Хьожур юй-те цкъа хьо

кхин сан бIаьргаш чу?

Еса Iа сан хIусам,

пенаш къерзош къорза...

Хьо хестийна со а

цхьаллин верас ву,

Кийрахь ешна яллалц

сингаттаман гIорза...

ЦIераш йоцу некъаш.

Бецан шийла тхи.

Акхаевлла уьйраш,

некъан шийла тача...

ЙогIур юй-те цкъа а

хьо хийисте кхин,

Яшош сан дагтIера

сингаттаман ача?..

Хоттане, 1981 шеран октябрь

*  *  *

Хьо дIаяха.

НеI ю цIийзаш цIийнан.

Хьо дIаяха,

Соьца кIеззиг Iийна.

Хьо дIаяха.

ХIунда? Хууш вац-кха.

НеI ю цIийзаш, йоьлхуш,

Соцуш цкъацкъа.

НеI ю цIийзаш,

Гура юккъе лоьцуш,

Сан дог хьийзош,

Делхош, дIа ца хоьцуш.

I978 шеран март беттан 25 де

*  *  *

Де ца тоьу хьан хазалла ган.

Оьмар тоац хьан дикалла йовза.

ХIора буса суна мел го гIан

ЦIенна хьо схьаохьа дац-кха говза. 

Со дIавахарх хьан сингаттам хьош,

Хьуна ирс а дахьаш юха вогIу...

Сан дог оьцуш, ахь соь аьлла дош,

КIеза санна, суна дуьхьалдогIу. 

ТIе а туьйсуш син IиндагIийн туп,

Шелдан гIерта со хьан беснийн дари...

Амма цунна тIе мел аьлла «хIуп»       

Догу дог сан марсадаккха ларий... 

Хоттане, 1982 шеран май

*  *  *

Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те?

Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе,

Шен боданца седарчий а хьоьшуш.

Даг чохь башош сингаттаман ша,

Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са,

Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш.

Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь,

Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь,

Суна цкъа а гина йоцу хьаша?

Ахь сан массо ойла дашо йо.

Сан байташкахь боьзна яьлла хьо

Сатийсамийн сирла гезгамаша.

Цхьаъ бен йоцург... Хьо - ас доьIу са.

Синхаамаш ас чугулбо цIа.

Ала, мичахь ю хьо еха хIусам?

Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн,

Мел талламаш бан безахь а сайн,

Хьо схьакаро ондда сацам бу сан.

Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю.

Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву.

Хилахь суна вай гале а реза.

Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду.

Хьо сан уггар коьрта лехам бу.

Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза.

Победино, 1980 шеран январь

*  *  *

Дешнаша кийра цIе йилли,

Шайх хуьлуш Iийжаме байташ.

Кхетамехь - геригаш иллин

ГIерта шайн куьцаш схьагайта.

Уллех хьан амат тIехдолу,

Сан синтем Iаь тухий, ластош.

Схьагулдой гIора шен доллу,

Къастаран къиза некъ къастош.

КIеззиг мах хадош сан шовкъан,

Дог лахош, йоьду хьо хIунда?

БIаьрсица хьо йоккхуш новкъа,

Ца лаьа суна-м и тIунда...

Iаьржачу стигалахь батто

Лийчайо седарчийн ваьснаш.

Собаран говзачу матто

Тедо вайн йишхаьлла аьзнаш.

Сайн дешнаш ас хьанна гайта,

Ахь хIинца леринарш хийра?

Шайх хуьлуш гIайгIане байташ,

ЦIе юьллу цара-м сан кийра...

Хоттане, 1981 шеран июль

*  *  *

ХIан-хIа, хьо яц суна хийра,

Сан ойла хьоьх чIогIа летта.

Со веха, къоначу кийра

Малх санна, сатийсам кхетта.

Лазамийн некъашца лелла
Сан са ду астагIа жимма.
ХIоттахь а марзонна къелла,
И даим къаръер ю шимма...

Дохадеш гIайгIанан Iедал,
Хьан ойла ас йоккху маьрша.
Марзонийн генаш дIакхеддал
Къиза яц заманан аьрша.

Хийрачу дегнаша лешош

Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш,
Къастаран шокъалеш эшош,
Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш.

Илланча винарг хьан озо
Ца ваьлла верриг а ваьгна.

Сайн ирсан секхаIад озо

Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна...

Победино, 1980 шеран февраль

*  *  *

Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк,
Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре.
Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк,
Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре.

Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган,

Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо.
Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан,
ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо.

Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц,
Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла.
Я хьалхалерраниг вайший а дац?
Цундела ши кхоллам галморзах баьлла?

Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам - буо,
Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со - сайнна...

Синошна хаало къастаран хIуо,
Безаман шелделла садеIар санна...

Хоттане, 1981 шеран август

*  *  *

Геннара хьан кийра кхета
Ца Iеми-кх сан деган секхаш:

Марзо а йоьллина чета,
Сан са ду хьо йолчу текхаш.

Хьан кора бухахь ду хаза -
Ца гучохь гIайгIанан гIоьмаш...
Даккхий хьайн еларан заза,
Кхиабе сан ирсан стоьмаш.

Къастаре хьан деган товха
Яккхалур яц хьуна эрча.
БIаьстенан маьркIаже йовха
Сийначу хьан кучах хьерча.

Хьо корехь яц хьуна цхьалха.
Хьажал, хьайн даго хIун хьоьху...

Доьдий хьан куьзганна хьалха,
Сан сино цу чохь хьо лоьху...

Победино, 1980 шеран март

*  *  *

ГIайгIане денош ду, дохк санна, сира -

Хийца а ца лаьа царна шайн раж.

Йочане дIадаха дерриг а кIира,

Юьрта тIе оллийна стигалан таж...

Бошмашкахь мох лела, ахархо санна,

Шакарца литтанаш дагар а деш.

Берриг а сингаттам биссина сайнна,

ХIутту со вайшиннан къастаран теш.

Дитташ а, шаьш дулуш дерза кIел даша,

Аз доцчу узамца дегадеш ду.

Моттало шур-шур деш оьгучу гIаша

Хьо сайга тIаьххьара йистхуьлуш ю...

Хоттане, 1980 шеран октябрь

*  *  *

Хьан шира кехаташ юх-юха доьшуш,
Ял токхуш цхьаллина, Iаш ву-кха со.
Хьоьгара хIумма а суна-м ца оьшу -
Туьнкалган кIур санна, дIаяхча хьо.

Дан хIума дац-кха ас хьан бехказлонех.
ХIинца-м хьо гIенах а суна ца го.
Кхолламо курс ечохь диканех, вонех
Зезагийн дахаро хьестийла хьо.

Яьккхина кочачу амалан дола,
Ахь къиза хIаллакйи вайшиннан уьйр.
Дайти ахь шеконе безамна къола,

Кхочушдеш сихонца къастаран буьйр.

Со хилла велар-кха хьоьх кхетта хIеттехь,

Хьан васто еттачохь ойланна тов...

КIохцалгах хьо дагчу яханчу меттехь
Йисина ца йоьрзу Iийжаме чов.

Хоттане, 1980 шеран ноябрь

*  *  *

Муьргийн цIеша юьзна коьллаш,

Декъа шах-ших когаш кIел.

ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш,

ТIомахь махо дохуш пел.

Йоьду, сира стигал хедош,

Йоккха жIуга гIаргIулийн.

Вовшийн дезар халла къедош,

Вайша вовшийн чIогIа зийн.

Йогу гIанийн можа алу,

ТIе «хIуп» бохуш дерзано.

Вайга ваьснийн муьста талу

Марзоне ца дерзало.

Догу шийла туьтеш тхинан

Мажъеллачу бацалахь.

Ма къа ду вайн уьйран синан

Вай хердалар ла ца лахь.

Вайн къастаро тесна Iеха

Цкъа а ца леш хир бу-те?

ХIара гуьйре - некъ бу беха

Суна тIера хьуна тIе...

Хоттане, 1981 шеран гуьйре

*  *  *

Седарчийн буьйсано биллинчу бIаьрго

Тийналлин IиндагIна ца бетта пе.

Сайн дагалецамехь ас лоьху мIаьрго

Дуьххьара ялийнарг хьо сайна тIе.

Мархаш а кIад ца ло беттаса къийса,

ХIавао шайна тIехь мел бугIу бохь.

Хьан вастан бIарлагIа тховса а хьийза

Мохтиле ца карош сан бIаьргаш чохь.

Буц а ю, зезагий оьхкина коча,

Баьццарчу юьхьтIера дIахьоькхуш тхиш.

Бохь-генаш уьйтIарчу хьаьрсачу хьочан

Лоькхуш Iа сан дагна хьоьх лаьцна йиш.

Iаламан аьзнаша буьйсанан карахь

Хьо дагатийсарна кула ца йо.

Сан чIогIа садукъло гIайгIанан марахь,

Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо.

Баттана юххера седарчийн хорха

Маццалцца хир ю-те сан бIаьргийн стом?

Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йоргIа,

Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м...

Хоттане, 1980 шеран аьхке

*  *  *

Чуйожа кечъелча санна Iа стигал
Пепнаша баххьашца сецайо шайн.
Мархаша дIакхаьлли беттасин хингал,
ХIаваэхь лайн чимаш хьаьвзича дайн.

Кехатах тера ю лайн шера аре,
Цунна  тIехь хьан ларийн йоза ду гуш.
Ма гIохьа, ма гIохьа къастаре маре,

Дорцо дIахьулдича безаман гIуш.

Сайн дагна дарба деш хьун яцахьара,
Ас муха ловр яра ахь йина чов?

Сан даго ха хорцуш, мох хьаькхча гара,

Ма сиха шелъели хьан беснийн тов...

Хьо юьгуш, баханчу некъа тIе даьлла,
Хьан лараш ягаръеш лайн хьоза го.

Безаман малико, ойлане даьлла,
Оьгучу лайн чимех седарчий до...

Тийналло дIадаьхьча массо а тата,
Со деган гIовгIанца хьун екош ву.
Сан дегIах хьекхалун лайн чимийн гата
Къоьжачу марчонах мел тера ду...

Хоттане, 1981 шеран декабрь

*  *  *

Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош,
Цуьнах дуцуш некъан керла тай.
Хьан аматаш ойланашла хьерчош,
Сох а хили сингаттаман лай.

Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш,
Ас багарбо ахь мел боккху ког?
Малхо анайисте хьаьдда боьдуш,
ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог.

Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна?
Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш?
Ахь ду эли хIара къастар ханна,
КIира даьлча цIаяр хьехадеш.

КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа,

КIад а белла, мох а кхечи схьа.
ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа,

ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа.

ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала.

ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю.

Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала,
Ша ца алахь хьо - сан дахар ду...

Ведана, 1981 шеран ноябрь

*  *  *

Байттамал, кхин суна карор дац дешнаш,
Шайх байташ юцуш, ас лелийна дерш.
Хьан дагна лулахь ду-кх сан шовкъийн кешнаш -
Уьш царна ас охкуш хьо яр-кха теш...

Ас хIун де хьан хьажар гуш хилча гIенах,
Набаран марзоно ловзош сайн дог?
Ас хIун де хьоьца ас яьккхинчу хенах
Сайн иэсехь йиссинчу, шех хилла бог?

Малх шийла схьакхетий, сайн кийра гIорош,
Со муха вохлур ву, кегаеш юкъ?
Къевллина дIачIогIуш хьайн деган кораш,

Сан коча оьлли ахь къастаран дукъ...

Ирс суна мел хилиъ дезара деза-м,

Амма и дIадаха, етташ шен берг...

Байттамал, карор бац суна сайн безам -

Шех байташ юцуш ас хьистина берг...

Хоттане, 1982 шеран март

II. Безаман кехат (жима поэма)

1.

Езар, хьо бахьанехь юха денбелла

Сан безам - леринарг ас хьалха белла,

Кхин гур дац моттарна исбаьхьа гIан.

ХIинца-м хьо дIахIоьтти, сан хьоме хьаша,

БIаьргашца баго сан гIайгIанан маша,

Ларийнарг сан дагчохь шен хьукма дан.

  

Меллаша дIаэхарх къоналлин шераш,

Йовхонна къий ца ло хьан бIаьргийн цIераш.

Йогу уьш, Iенош шайн комаьрша нур.

МIаьргонан баррамал хьаьжча а хьайга,

БIаьцанца ов детташ сан деган Iайга,

Ахь карзахдоху сан ойланийн сур.

  

Суна-м ца кIордадо хьоь еза баха,

Сайн бIаьрийн нахаршца хьан беснеш аха,

Тосуш хьан балдаш тIе сайн синан хIу.

Нагахь ас ю алахь хьо малхах тера,

Цецъяла ца гIерташ, хилалахь къера:

Сан безам стигалца зIе йолуш бу.

Хьан син кхаш цIандеш ю сан деган метиг,

Царна тIехь ца бита гIайгIанна меттиг,

ДIадоккхуш шеконийн асаран дух.

Мел хаза хир ю хьан къоналлин аре,

И хилахь даггара хьоьжуш со варе,

Шена кхин аьттехьа ца дуьтуш къух.

  

Механа лах ма де вай вовшийн довзар.

Ас хьоьга дуьйцуш дерг дац хьуна ловзар.

Гара луьйш бац хьуна поэзин мотт.

Вай цхьаьна яьккхинчу мIаьргонийн терахь

Жимлур ду хьан дагахьбалламо лерахь -

Хьайн дегайовхоне тохийта чот.

  

МуьтIахь беш суна хьайн ойланийн гIаттам,

Ца ели шеконца хьо девне атта-м:

Иркено ма чIогIа лаьцнера хьо!

Дика ду-кх эххар а вай вовшех кхетта,

Дог даьгна далале ирсан цIе летта,

Безаман пурбанца ас доIа до.  

2.

Сан езар, хила а тарло хьо нийса -

Сан хIинца хIумма а дац хьоьца къийса.

Цхьаттера хилла вайн ойланийн кепаш,

Вайн уьйр ца кхолийта, дуьхь-дуьхьал лепаш.

Хилла вайн догIмийн а, синойн а алу

Ницкъ болуш дагадан гIайгIанан талу. 

Сан кехат хьеделча, елха ма елха,

Хийрачийн цабезам шершабеш хелха.

Тергал а ма бе ахь гIийбатийн маша,

И бузуш волчух а ца оьшу яша.

Эрна ца аьлла-кха дешначу наха:

«Ша лелош волчух бен ца йоьду хьагI а».

Питанийн бодане кхин дIа ца къерло

Вайшиммо ларйина безаман серло.

Иза ю хьан беснийн алунах тера,

Со чIогIа хьаьгна ву и эца кера.

ТIаккха со хир вара бIобулуш ирсах -

Безаман пхьалгIарчу массо а гIирсах.

Гича сайн ойлано даьккхина заза,

Хууш ву хетар дуй хьан дагна хаза.

Дебаеш сан шовкъаш массийтта эзар,

Хьо хIунда хьийзаш ю дийцахьа, езар?

  

3.

Хьо лоьхуш мел лелла сан когийн лараш

Лаьтташ ю хьан бIаьргийн шовданна хехь:

Царна хьоь даре дан ца хета эхь.

Ткъа ахь уьш гIиллакхах йоьхна ма лара

Сел чIогIа инзаре хьайн тидам барна:

Хьан беснийн ховхалла тайна-кха царна.

Хьо сайна мел ги а, цецволу со,

Тарлой хьо зIаьнарх сайн кхолламан маьлхан.

Хьоькху цо сан дагтIе серлонан аьлха,

Шовкъана ирдеш сан хIора а шо.

Мел лаьттар ду-техьа сан къона дахар

Безаман Iаьцик а ца бевзаш, Iахар?

  

ДегI идош хьан цIарна уллера дIа,

Юьхь лечкъош, сайга хьо хьаьжча кIиръелла,

Эхь-бехкан халбатахь со гIийлла Iа,

Тийналло ша хьеста пурба а делла.

Амма сан иллешна бац цхьа а чIагIам:

Хьо ю бах цара шайн дуьненан бахам.

  

Моттуьйтуш ца оьшу сайна хьан аз,

Суо хIунда лево-те де-дийне ас,

Хьо езаш суо хилча дог хьерадаллал.

Син ирке стогаллин дахкарлахь йовш,

Болатан бос оьцуш, кхиъна сан дош

Цхьа оршот буьйса хьо билгалъе аллал.

  

Дехарна жоп а луш, баккхахьа мэл,

Ма-хуьллу токхъеш сан дахаран кхиэл,

ХIаллакдеш хьайн хьажар якхдина хIилла.

Хьо ерриг ца йовзарх шекваьлла со:

Мацца а сан дола яьлча а, хьо

Iан йоллу сан кертахь, къайле а хилла?

  

4.

  

«Кхерстанча» боху дош цIе а еш сайн,

Хьо лаха дуй биъна, со новкъа ваьлла.

Сатийсам, ламанийн баххьел а кIайн,

Сан деган дилханах дIалетта баьлла.

  

Къоналла сайн карахь йолччуьра, цкъа

Воллу со сайн гIуллакх хьан дагца къасто.

Ас иштта алар ахь ма лара къа:

Со-м чIогIа тилийний хьан кIайчу васто.

  

Сирлачу гIайгIано хьоьсту сан са,

Хьан куьйгех тардой шен гIелделла тIемаш.

Дуьненан гIовгIане доьгIу ас ла,

Цу юккъехь хьан зевне аз довза Iемаш.

  

Шена ма-хеззинехь шеконан мохь,

Гатделла са сихло сингаттам цIуббан...

Ас зихIарт диллича хьайн бIаьргаш чохь,

Ахь а е сан дагчохь хьайн вастан къубба.

  

5.

Хьо ца гар сайн деган синтем а лоьруш,

Биттира ма-хуьллу ас хьуна пе.

Лийлира со, чIогIа хьо еза кхоьруш,

Амма со кхийринарг хIоьтти-кха тIе.

  

Дезар ду суьйренех хьерча сан хIинца,

ШовдантIе хьо лелла некъ цаьрца гуш.

Хьан бIаьрхих тардина шовданийн цинцаш,

Iийр ву со син лазам сайн дIа ца туьйш.

Сайн цхьаллехь даккхийра синош а дохуш,

Ас байташ язйийр ю хьо хестаеш,

Батто шен нахарца дIо стигал охуш,

Сайн дагалецамаш кега а беш.  

Ткъа хьуна лаьий-те со юхаъ гойла,

Хьажарца хьайн хьостуш пардо сан син?

Безаман дагар ду ягош сан ойла,

Къастаран шелонал чIогIа ду и.

6.

ХIоккхузахь - тулгIенаш, мехаш,

Ткъа цигахь - лам хьуна хехь.

Хьан са ду Нохчийчохь дехаш,

Сайниг ду - Сахалинехь.

Хьан са ду полланах хьийзаш,

Цецбохуш зезагийн мохк.

Ткъа сайниг гIайренна тийжа,

ХIорда тIе дазделча дохк.

Хьан са Iа дайн кхерчан юххехь,

Вайшиннан хийист а гуш.

Сан са Iа хIордана юккъехь,

Маяко серло а луш.

Хьан суьрто вайн цIа со воьху,

Ойланехь со вогIу дIа.

Хьан вастехь ас къайле лоьху,

Карорах хьаьгна а Iа.

7.

Сан суьрте хьажа ма кхера,

Хьажар хьайн дIаидадеш.

ГIайгIанехь ма хила дера,

Цхьаллина ма хIитта теш.

  

Шовкъашца латтабеш къийсам,

Ма е сан ойланна чов.

Некъ бита жимма сатийса,

Бекхамехь ма яла сов.

Дахаран некъ бу сан готта,

Шиъ морзах дала ца луш.

Цундела хьуна ма мотта,  

Ас хьулдо хьайн кхиэлан гIуш.

Ма мотта ерриг а хаьдда

Вайшинна юккъера зIе.

Замано, йоьдучо хьаьдда,

Дог чехош, паргIат ма Iе.

Цецдохуш дуьне я эхарт,  

Ма дайа вайн ирсан доь.

Баттахь цхьаъ мукъне а кехат

Яздехьа, хьомениг, соь.

Сахалин, 1980 шеран март

  

ЧУЛАЦАМ

I. Байташ

Нохчийчоьне

Нохчийчоь

ХIун хилла вайна?

«Яздо ас, цIийх иэдеш шекъа...»

«Сахалин гIайренах хьаьрчича дохк...»

Сахалин

Нохчийн мотт

«Баркалла со нохчо кхолларна, Дела!»

Сан нана

Нене («Сан нана, дIавоьдуш, ас дуьту хьуна...)

Зама

Сан некъ

Сан дахар

«Сан иллеш, даим а Нохчийчохь диссалаш...»

Дохорах лаьцна гIан

Поэтан кхоллам

«Ца оьшу хьо яздан валла...»

Хьекъале латта

«Хьайна тIе вон деъча, нахе ма дийца»

Iаламан совгIат

Дахаран кеп

Сан Хоттане

«Сан Хоттане - сан баьццара эвла...»

Адамашка

Дика а, вон а

«Къайлахчу хьан гIенийн Iайлехь...»

«Къизачу бохамийн тоба...»

«Бохамо хьуо ваккхахь Iора...»

«Со мича гIур ву сайн кхолламах ведда?»

«Сихаллехь дицдина весеташ дайн...»

Бераллин бIарлагIанаш

Цхьаболчу «накъосташка»

«Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша...»

«Ишколан доттагIий - дахаран хазна сан...»

Цхьалле

Ирсан седа

Куьйра

«БIаьстенца вистхуьлуш Iаламан хазалле...»

«Схьахезий кхолламан кIоргера аз...»

«Шен когашца цоьстуш бода буькъа...»

Бералла дагалоцуш

«Махехь уьдуш, говран санна...»

«Iомо седарчийн ага техкадо...»

«Меллаша Iарждели аьхкенан де»

Лайн чимаш

«Даккхийра кIайн синош дохуш...»

«Дацдала дуьйлало денош...»

Бутт

Тийналла

БIаьсте

БIаьсте йогIу

Керла бIаьсте

«Уьшална мел хала ду-кха...»

«Хьаннаш тIехь лепара ткъесаш...»

Гуьйренан туьйра

Айзе

Л. Ж.

Сингаттаме байташ

Шийла безам

ДIасакъастар

Элине

ХIорда йистехь

«ХIунда ду сатийсар гуттар а гIайгIанах ийна?»

Хьуна хьайнна

«Мел атта кхоллало илли...»

«Хьо туьйли вайшиннан къовсамехь, езар...»

«Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац»

«Ас хIун дан дезара суо зезаг хилча...»

«Сонтачу ойланца хьуна петоьхна...»

Хьоьга хьоьжуш

«Хьуна юххехь суна хазахета»

«ТIепангах тера ю вайшиннан уьйр а»

«Хьоьх лаьцна айса ен хьагаме ойланаш, Зайна...»

Сан бIаьстенаш

IаьнтIехь къастар

Байттамаллин байташ

«Хьо дIаяха»

«Де ца тоьу хьан хазалла ган»         

«Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те?»

«Дешнаша кийра цIе йилли...»

«ХIан-хIа, хьо яц суна хийра...»

«Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк...»

«Геннара хьан кийра кхета...»

«ГIайгIане денош ду, дохк санна, сира...»

«Хьан шира кехаташ юх-юха доьшуш...»

«Муьргийн цIеша юьзна коьллаш...»

«Седарчийн буьйсано биллинчу бIаьрго...»

«Чуйожа кечъелча санна Iа стигал...»

«Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош...»

«Байттамал, кхин суна карор дац дешнаш...»

  

II. Безаман кехат (жима поэма)