Журавлиная песня

5 октября 2007 в 17:15
Журавлиная песня

ЖУРАВЛИНАЯ ПЕСНЯ

Вниманию читателей предлагается сборник стихов «ГIаргIулийн назма» («Журавлиная песня»), автором которого является безвременно ушедший от нас самобытный чеченский поэт Ибрагим Юсупов (1958-1982).

В сборник вошли ранние стихи поэта, написанные в 1972-1978 годах. Ещё при жизни автор сдал рукопись этих стихов в Чечено-Ингушское книжное издательство, чтобы выпустить её в популярной в то время серии «Библиотечка молодого поэта», но книга так и не вышла. Видимо, сыграл роковую роль тот факт, что Ибрагим никогда не писал стихи о партии, комсомоле, Ленине, Октябре.

После трагической гибели поэта часть стихов из той его злополучной рукописи была включена в коллективный сборник молодых поэтов «Даймехкан мукъамаш» («Напевы Родины»), изданный в I985 году в том же издательстве.

Данный выпуск посвящается 25-летию со дня смерти (27 июля 1982 года) талантливого чеченского поэта Ибрагима Юсупова.

Абу-Хусайн Шамилёв, литературный критик

*********

ИбрахIим Юсупов

ГIАРГIУЛИЙН НАЗМА 

«Къоначу поэтан библиотечка» серехь

1980-чу шарахь арахеца лерина авторо

ша вовшахтоьхна хилла йолу байтийн гулар

(I972-1978-чуй шерашкахь язйина байташ)

I. «Хьан цIаро бен ца бохби сан когаш...»

Даймахко Iамийна со

Сайн мехкан хьал даккха сов,

Диц ца дан Кавказан лаьмнаш,

Ца къесто дуьненан къаьмнаш

Даймахко Iамийна со.

Мох хьакхарх, яржаеш ткъов,

Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах,

Оьшшучохь гIатта а орцах

Даймахко Iамийна со.

ТIехцIена леладеш дог,

Безаршца сов бертахь ваха,

Шех лаьцна иллеш а даха

Даймахко Iамийна со.

Хьешана дIаделла ков,

Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман,

ХьагI лелош, ца хьежа гома

Даймахко Iамийна со.

Хоттане, I973 шо

Шовданан йиш

Шатайпа ду шовда - шен аз ца хуьйцуш,

Даим цхьанаэшшара охьаихна и.

ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш,

Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш.

ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а

Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог.

Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш

Заманан тукаро кхедина го.

Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь,

Адамех хийламмо тIеэцна каш.

И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта,

Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш.

Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда,

Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш?

Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха,

ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш?

Массо а заманан бакъдолу верас

Ду боху шовдано шен шийла хи-м...

Хетало цо лоькху йиш а цундела

Лендоцчу дахарна лерина гимн!..

Хоттане, 1974 шеран март

Нене

Корталица хьайн букъ тIе дIавоьхкий,

Нана, ахь со лелавора гихь.

Нана, и сан дечган ага техкош,

Соь наб яйта, наб ца йора ахь.

Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь,

Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш.

Реза яц хьо хиларна со генахь,

Хьело бохуш новкъахь кехаташ.

Суьйре еъча, цу вайн корах цIийнан

Детташ хьочо шен баьццара га,

ТIам кагбелла хьоза санна, тийна,

Соне хоий, хьо гIайгIане Iа...

Хьан цIаро бен ца бохби сан когаш,

Нана, ахь латий сан дагчохь цIе.

Ас сайн хIара салтичун погонаш

Хьоь наб яйта тегна белшаш тIе.

Победино, 1978 шеран август

КIайн ойла

   

(Дуриев Рамзане)

Мокха ойла ас мархашка хохку.

Сийна ойла Iалац доцчохь хи.

Iаьржа ойла ю сан латта охкуш.

КIайн ойла ю шуьца, доттагIий.

КIайн ойла ю доккхуш денна заза.

Латор бу цо, кIентий, мерза стом.

Чомана а хир бу мазал мерза,

Маьлхан басахь догуш гIоргIа чкъор.

Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла,

Шун бехкенна, сан бехкенна я,

Заза лаьтта дужуш, сан кIайн ойла,

Стом ца латош, Iахар йисарна...

Хоттане, 1976 шеран май

Девеше

Гина вац хьо дийна волуш суна,

Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш.

Аш, бIаьхоша, маршо яккха тхуна,

Лардина вайн мехкан латтанаш.

Яийтира Даймахко повестка,

Шен могIаршка кхойкхуш гIуллакх дан.

«Нана, ахьа са ма гатде, кестта

Воьрзур ву со толамца вайн цIа», -

Уьш дара хьан тIаьххьарлера дешнаш...

ТIом дIабаьлла яьлла дуккха хан.

Оцу тIамо алсамдехи кешнаш,

Чевнаш йи цо нанойн дегнашна.

ТIамо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш,

Къестабац поэташ, артисташ.

Хиларх нана хьан цIахь хьоьга хьоьжуш,

Дог сацош, цо кийра дутту даш...

Машаре бу стиглахь хIора седа,

Беттан серло дебон гIерта тхи...

И тхи дуй-те, шу дIахьовсош, хIетахь

Наной бIаьргех дийлла долу хи...

Хоттане, 1975 шеран июнь беттан 22 де

Нана-аьрзу

Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,

Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.

ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,

Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.

Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,

Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.

Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,

Ткъа хьайниг цаьрца яц - хьо йиси цхьалха.

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,

Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.

Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:

«ХIай, Нана, со ва-й и-м - хьан вайна кIант!».

1977 шеран июль

* * *

ТIехилий, кхаллахь тхан кхача,

ТIех мерза бацахь а чам,

Хьо хиларх лулахо, хьаша,

Я деган доттагIа сан.

Ма ала: «Йиъна ву хIинцца».

Ма ала: «Кхоийна Iац».

Вовшашца вай йоькъуш нийсса,

Йиънарг бен мерза ма яц.

ТIехилий, вуха ца теIаш,

Хьажахьа, муха бу чам,

Нагахь со лоруш, со везаш

Хьо веънехь хIусаме сан.

Хоттане, 1974 шо

Воккхачу стеган хьехамаш

Ирхенийн халонаш ловш,
КIад ма ло дахаран новкъахь.
КIадвалар хьайн меттаххьовш,
Ял эца хьайн деган шовкъах.           

Вуонаша лацахь а гуо,
Къар ца луш, гIорта ца эша.
Кхиамах Iеха ма луо,

Хьайх санна, адамех теша.

          

ДIаяккха дагчуьра вас,
Тезета воьдуш я тойне.

ТIаккха бен хьо кхочур вац  

Нуьречу хьайн Iалашоне.

  

Хоттане, 1975 шо

*  *  *

Лекъаш, лекъаш...

КIорда ца деш, эшарш лекхна,

Сийна аьхке тили тIех.

Iоврийн доьхка юкъах доьхкий,

ГIаргIулеш къилбехьа лоьхкуш,

Гуьйре чоьхьа гIерта кех.

Некъаш дохкуш баца тIоьхла,

Хийла хилла некъийн охIла,

Даккъаш цоьстуш, лелла со.

Къилбе доьлху олхазараш,

Шун тIемаш кIел сан ирс дара,

Кхин ирс дуй-те хьаста дог?

Лууш ву шу юхадахка

Со а, шу а динчу махка,

Нехан ареш тосуш дIа.

Со-м ма вац сайн махкахь гIийла,

Лууш а вац тIома вийла,

ТIедогIуш Даймехкан Iа...

I977 шеран сентябран 24 де

Сонта дозалла

Iуьйранна бацана хьалха

Дозалла деш хилла тхи:

«Со дацахьара хьо цхьалха

Хир яра, ас хьо кхиий.

Гой хьуна, сирла со къега,

Лепадеш дуьне хIара.

Сох хилла исбаьхьа седа,

БIаьрла ду со жовхIарал...».

Малх кхийти, оьхьуш хазалла,

Цо и тхи дерриг дакъий.

Дагий цо сонта дозалла.

Тхино ша хестадац кхин.

Хоттане, 1975 шо

ГIаргIулийн назма

Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре.
Шовдано вота етта тIулгаш тIехь.
ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре,
Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь.

Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош,
Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн.
Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош,
Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий...

ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа,
Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш.
ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа,

Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш...

I977 шеран ноябран I0 де

ГIаргIулеш

ГIаргIулеш... Дахаран тембоцу оьргаш,

Йоьлху шу бовхачу малхана герга...

Лоьху аш, гездохуш стигланан дари,

Шелонна зирх тийса ца лиъна аре.

Вовшашка мохь бетташ, мархашлахь юькъачу

Йоьлху шу. Шу-м юьгу уггар а йоккхачо.

БIаьрго схьа ца лаццал, йовлу шу гена,

Кхоьхьу аш сан бIаьрхиш, сан ирсе гIенаш...

Эгадеш пелагаш бераллин новкъа,

Къоналло-гIаргIулис тIам бетта шовкъе.

Ас цуьнга мохь бетта: «Ма латта юьстах,
Схьайола сан керта, сан деган йисте...».

...И юьтий, дIайоьду гIаргIулийн тоба,

Ткъа со-м Iа, къоналлин сатийсам кхобуш.

Хоттане, 1976 шеран октябрь

*  *  *

«Беза толам я ирс деза хьуна?» -

Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ:

«ХIуммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна,

Сайн къоналла сайца хилчахьана.

Сан ког хIинцаъ луьйтана чохь бу.

Шен лаамехь говр дIахецна, хьалха

ВогIуш ву со. Дерриг хьалха ду.

Хилахь сайна тоъал зама нагахь,

Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду,

Толаме а кхача хьожур ву».

Хоттане, 1976 шо

Гуьйре

Гуьйре. ТIома йолу ойла-хьаша,

ГIаргIулешха стигла йогIало.

Хьаннех хьерча сира гезгамаша,

Анайист дIахьулйо догIано.

Сагатлур сан я самукъадаьр сан,

Илли кхолла аьтто лоьхуш Iаш?

Амма тIеттIа марсадуьйлу дерз а -

Воьдий, со тхайн кетIа хIутту дIа.

Дерзан туьтеш месаш юккъе леда,

Iоврийн мотт сан когех хьекхало.

Махо лоькху шен тIунъелла шедаг,

ГIаргIулеша стигал къекъайо.

Ткъа со хIунда вели-техьа ара?

ХIокху ткъаршехь хIун дисна-те сан:

Я гуьйрене «марша я хьо» алар,

Я Iодикъяр пана ойланан?..

Хоттане, 1977 шеран гуьйре

*  *  *

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь,

Шийла чарп тIейогIий хоршин.

Ца латтарна шайна бухахь

Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн.

Дитташ цомгаш хуьлу гурахь,

БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар.

Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь -

Массанхьа ду диттийн лазар.

Хуьлу дитташ цомгаш гурахь,

Ла ца яллал мехийн Iиттарш.

Хьан сурт гича ирсан гурахь,

Толур ду Даймехкан дитташ.

Хоттане, 1974 шеран ноябрь

Гуьйренан сибат

Меллаша тIесерса дерз а,

Сов юькъа яьржина дохк.

Аьхкенан де, юхадерза!

Шелделла сан дог де дох.

Миччара! Чкъург керчош, хено,

Бицбойтуш цIерпоштан мохь,

Шен новкъа чаккхармаш Iенош,

Сан дагтIехь бити-кх цхьа муо.

И муо бу аьхкенах къастар,

Ла ца луш гуьйренан ткъарш.

БIаьрсинна гIаргIулеш къаьста,

Хедаеш стигалан Iарш.

Дерзинчу дитташ тIе дегза

Ледадеш тIадмаш-туьтеш,

Меллаша тIесерса дерза

ГIаргIулийн бIаьрхиш ду-те?

Хоттане, I973 шеран октябрь

*  *  *

Дарц даларх лекхачу ломахь,

Махо а лекхарх шок-зурма,

И аьрзу ца юху боларх,

Цо дегI шен латтадо кура.

Йисарх а тIемаш а дойна,

Ницкъ боцуш цу стигла яла,

И гур яц гIелйина ойла,

Балхабеш шегара бала.

Хилла-кха олуш цундела

Тохара ахь соьга, нана:

«Халонех цкъа а ца кхера

Ламанан аьрзунах Iама...».

Хоттане, 1975 шо

ГIорийна зезагаш

Маьлхан бIаьрг санна и шайн кортош можа

Лепадеш, техкара зезагаш байтIехь.

Мехаша гIаттийча шайн IалагIожа,

Iара уьш, вовшашна тIетеIаш, бертахь.

ЦIеххьана кхаьчначу шийлачу Iаьно,

Кхелира зезагаш даточу тирца.

Уьш денна шелдора лайн чимийн бIано

Кортош тIе беттачу эсаран кирца.

Зезагийн хазалла яйра, бос байна.

Азделла сов гIийла уьш суна дайра.

Уьш маргIал дуьйлира, шело ца лайна.

И сурт гуш бIаьрхиш а сан меттаххьайра.

Со сихха кхийтира хиллачух тIаккха:

Зезагийн гIорийна мутт лекъна хилла.

Хетара уьш гIерта сайга бехк баккха,

Гича уьш лаьтта тIе дIадуьйшуш гIийла.

Доккха луо диллира цул тIаьхьа лаьтта,

Деэшна зезагий къайла а дохуш...

Уьш дагалоьцуш со хIинца а лаьтта,

Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш..

Саралжин, I974 шо

Iаьнан сибат

Чимаш хиларх кIеда, хаза,

Iа-м ду буьрса, шийла ша.

Генаш хьедо шайн бертаза

Лайно гIорош, дитташа.

Тхов тIехь, махах лачкъа гIерташ,

Хебна Iа цхьа цхьалха къиг.

Йоккху цхьамма шен ков-кертахь

ГIовгIа, тухий ондда диг.

Лаьттан юьхь тIе и кIайн басар

Хьаькхна Iаьно шийлачу...

Салазаш чухоьхкуш басах

Тхан юьртара бераш ду.

Ло дилланза, Iа ца кхочуш

Меттиг йисина а яц.

Механ коча хьерча коча

Чимийн овгалш. Долу дарц...

Хоттане, 1977 шеран декабрь

Боллан дитте

Боллан диттан лайно къеждо генаш,

Даг тIе туьйсуш йовхо йоцу гIенаш.

Генийн кийрахь бIаьста идда мутта,

Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар!

Лаьтта бухахь боллан къона орам

Меттах ца хьов, хилча санна хорам.

БIаьста малхе кхийдаш хилла бохь а

ХIинца гIийла кхозу лаьтта охьа.

Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама,

Хала ду хьуна шело эшон Iама?

Лаац хила хьо дорцана къера,

Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера!

Гулдай дерриг хьайгахь хилла гIора,

Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам.

Хиларх хIун ду хьо цкъачунна къоьжа:

Маьлхан бIаьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу -

Кийча хила дегI хьайн малхе даккха!

Кийча хила бIаьста зазадаккха!

Хоттане, 1978 шеран апрель

Къена луо

Миска луо-яI, хьох къахета суна.

Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос.

Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь,

Ловзуш ца го арахь берийн цIоз.

Ца до цара, хьалха санна, тергал,

Ца къерало церан хьоьца са.

Ховха бIаьсте мел гIоьрти а герга,

ГIеллуш, ахьа-м халла доьIу са.

Урамновкъахь, тхов тIехь ду хьо кхачош,

ДIадайна хьан чимийн дато аз.

Адамаша хоттах юьзна мачаш

ЦIанйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз.

Миска луо-яI, хьох къахета суна.

Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос.

Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь,

Ловзуш ца го арахь берийн цIоз.

ДаьргIа, 1975 шеран март

Керла луо

1.

Керла луо - дуьххьарчу шелонан пардо -

Ахь латта гIорадеш, сий Iаьнан лардо.

Хьо-м Iуьллу сапаргIат, сов кIеда, аьхна.

Шовдано хийлазза хьоьх иллеш даьхна.

Ахь баххьийн куйнашна тир йоккхуш гонах,

Дайн лаьмнаш къеждо-кха, буц къежйо къона.

Гуьйренан куза тIехь яржаеш жIамарш,

Хьайга мел хьаьжначе бойту ахь тамаш.

Суьйранна бутт кхетча, серсаеш серло,

Седарчийн серлонгахь хьо даим сенло.

Керла луо... Сан дагтIехь дахаран пардо

Кхолламо сурт хIиттош, ойлано дардо.

Цкъа айдеш сан дагар, цкъа шелбеш кийра,

Со вахчош дахаро, хетац хьо хийра...

2.

Керла луо... Салазо гIо хьоькхуш гара,

Деха ши сиз дуьту сов кIайнчу арахь.

Шовданан хьожа йогIуш керлачу лайнах,

Цо токхвеш, мел беха некъ аса лайна.

Салазан сиз хадош, некъ буьллуш Iинчу,

Экханан лар яхна сирлачу хьуьнчу.

Керла луо... Турпалчу сайн халкъан кийра

Некъ билла сатуьйсуш со хIинццалц Iийна.

Лууш ву беркато сайн кхане екхо,

ГIуллакхийн хIу тосуш Нохчийчоь хьекъо.

Лай тIера экханан лар санна, къаьсташ

Хилийта лууш ву Даймехкан бIаьстеш.

Iожалле гIо хьаькхна, додарх сан дахар,

Сан кхиэлан пайде сиз дуьсур ду даха.

Хоттане, I973 шеран январь

Даго бен дог Iабош дац

1.

ЦIехьа некъ бахьаш, со геннара вогIуш,

Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш.

Со, бердах схьалеша шовда а гина,

Цунна тIе вахара, болар сихдина.

Бертал а воьжна, ас и шовда шийла

Мелира, Iабош сайн бохбелла кийра.

Ша керчош лаьтташехь тIулгаш тIехь махо,

Сан дог Iабийра-кха шовданан даго.

2.

Генахь Iаш дуккха а шераш а девлла,

Вара со цIавогIуш суо винчу эвла.

Эвла чу со вулуш, хадийна аре,

Сан езар Iаш яра хьоьжуш со варе.

И гича, безаман йийсарехь Iийна

Сан дог гIаддахара цхьа тамашийна.

Езачун даго сан гIайгIа дIамелла,

Iабийра сан дог, шен йовхо а елла.

3.

Езачун синхаам балийна берта,

Кхечира со нана Iаш йолчу керта.

Сов хаза хетарна, бIаьргех хи даьлла,

Хьаьвзира сан нана вуно хIайтъаьлла.

Нанна сагатдина, овгал сан деган

Сатуьйсуш Iийнера цкъа иштта де ган!

Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш,

Сан дог шех Iабийра, барам а боцуш.

Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь:

«Даго бен дог Iабош ца хилла лаьттахь».

Саралжин, I974 шо

*  *  *

Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш,

Стомара дуьйнна дIа иза-м ду сецна.

Ши цхьамза лаьтташ бу - кIадбелла-те уьш?

Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна?

Моттало, сахьт санна, сецна Iа зама,

Амма и бакъ дац-кха  - и йоьду хьаьдда.

Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана,

Челакха дин санна, реманах хаьдда.

Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха,

Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш.

ТIаккха и даим сан карахь хир яр-кха,

Шен сацар, дIаяхар соьх доьзна долуш.

Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна,

ДIадахна бIешераш ас луьстур дара.

ДIаяхна и зама ерриг а зийна,

Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра.

ХIан-хIа, и хир дац-кха! Сатийсар - эрна!

Дуьйцуш а хета и туьйранах тера.

Геннара дуьйнна схьа кIад ца луш йогIург

Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург.

И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна,

Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш...

Стомара дуьйнна дIа кIадделла сецна

Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш...

Хоттане, I973 шо

*  *  *

(Шен I5 шо долуш хеназа кхелхинчу

сайн доттагIчун Каимов Русланан

сирлачу безамна)

ХIалхара сентябрь. ВорхIалгIа класс.

Сийначу парти тIехь со цхьаъ ву хиъна.

Тахана ца хеза хьан зевне аз.

Кхолламо хьо кхечу новкъа дIавигна.

ВогIур вац цкъа а хьо ишколе кхин.

Ловзур вац, доттагIа, буьрканах тхоьца.

Хьокхур дац мелаца дIо уьн тIе сиз.

Хуур вац урокехь парти тIе соьца.

Урокаш ца Iамош хьо лелар вац.

НеIарх пIелг тухур бац хьомечу классан.

Йийр яц ахь «шиъ» доккхуш цхьанна а вас,

Хьуна кхин дов дийр дац нанас а, дас а.

Ойлане хьехархо. ВорхIалгIа класс.

Тийналло гIайгIанан урок схьайилли...

Корера схьаэцна, зезагийн барз

Хьо хиъна Iийначу метте ас билли.

I973 шеран сентябран 1 де

*  *  *

ЦIа до-кха, хIиттадеш кораш,

НеIарш а - оьшшучохь дIа.

Хинйолчу шен уьйтIа нораш

Шершадеш, безам а Iа.

Чутуху тоьллачех аннаш.

Хьалабо исбаьхьа тхов.

Чоьнаш ю - безаман баннаш,

Ткъа цIа ша - кхолламан бIов.

ЦIа долу шатайпа серла,

Къона шиъ чудерзадеш.

Кхерч кхуллуш цаьршинна керла,

Массара белхи а беш.

Безам бац хьостамех ийна,

Я къовлуш, тIетоьхна у.

Амма ша чохь Iачу цIийнан

ГIишлонал чIогIа и бу.

Хоттане, 1975 шеран июнь

Цхьана йоIе

Ала, йоI, айхьа хIун езаш

Кхолийна хьайн тийна бIаьргаш?

Карор ду нур-дашо Iежаш,

Хьо елахь сатесна цаьрга.

Ахь дехахь седарчий сирла,

Беттан дин хаьхккина йоргIа,

ГIур ву со Iуьйкъе а хилла,

Хьуна ян седарчийн хорха.

Ловр бу ас муьлхха а бала,

Хьан дуьхьа гIулч йоккхуш хIора.

Ахь алахь соь: «Генавала!»,

Меттаххьан тоьар дац гIора.

Хоттане, I976 шо

Дехар

ГIертац со тийналлехь

Шовданчу варжа.

ДIо-о малх-м сийналлехь

Сох боьлийц, маржа...

Гуш юй хьо: дог кхехка,

Синтем ца лайна.

Яций хьо сох къехкаш,

Тем лехна хьайнна?..

Сайн даг тIехь ас хIоккхул

ДаI лайчаъ дехха,

Доццушехь и доккха,

Сов ду-кх сан дехар.

Дарвелла малх цесттал,

Со-м хьийза воьхна:

Буй-те и малх цIеста

Хьох куьйгаш тоьхна?

Иэделла хьан вастах

Сайн дош кароза,

Барт боккхуш, хьо хьаста

Хир юй таро сан?

Гуш юй хьо дог кхехкар,

Синтем ца лайна?

Доьху сайх ца къехкар,

Тем лоьхуш хьайнна.

Дарвелла, малх цесттал,

Со-м хьийза воьхна.

Хир бу-кх и малх цIеста

Хьох куьйгаш тоьхна...

Ведана, 1978 шо

*  *  *

Дерриг дицди... Кхийдац со кхин ирсан цIаре.

Суо Iаш ву со, кху тийналлех буьзна бIаьрг.

ХIетте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йоI гаре,

Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк.

Цуьнан дуьхьа сайн гIуллакхаш дIа а тесна,

Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов,

Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна,

Кхочур вара и Iаш йолчу юьрта со.

Цунна тIаьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш,

ГIур вара со, дорцехь техкош ага син...

...Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна

Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и...

Хоттане, 1977 шо

Безаман зезаг

  

БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира.

Сирлачу безамах вай кад буьзира.

Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар,

Безаман кеда чохь делира зезаг.

Безаман мерза мутт шен кийра эцна,

И хьала кхиънера, патарш а хецна.

Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна,

Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна.

ХIетте а, гIелделла дисира иза,

Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш.

Букар а дуьйлира, маргIал а делла,

ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела.

Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа,

Керла мутт IаьIар ду безаман кеда.

Цу кедахь безаман зезаган орам

Юха а денлур бу, вай даханора!

Хоттане, I974 шо

Вайшинна юккъехь

Вайшинна юккъехь ю сийналла хIордан,

Вайшинна иза мел йинехь а кIорда.

Вайшинна юккъехь ду ченийн кIайн некъаш,

Бецашлахь, гIамаршлахь лаьхьарчех текхаш.

Вайншинна юккъехь ду дарц жIаьлех леташ,

БIаьсте а йогIур ю, патарш а этIаш.

Вовшашна вай тIеттIа кхочу хан ларъеш,

Вайшинна юккъехь Iа безаман лараш.

Со царна тIехула вогIур ву цIехьа,

Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш Iехьа.

Победино, 1978 шеран декабрь

*  *  *

Хьо яц соьца хIинца:

ГIайгIа тIехили.

Гена дели ирс а,

Юха ца дан кхин.

Га кагдели диттан.

ДогIа тIехтили.

Ас мел чIогIа литтарх,

Боьха диси хи.

Зарзар кхин ца йийки,

Эшарш ца лийкхи.

Сан синхаам иккхи.

Денлур бац и кхин.

Хоттане, 1977 шо

  

II. БархIмогIанаш

*  *  * 

Цхьана диканна араваьллачунна,

И хьагвелча, шийла шовда хилий,

Я наж хилий, IиндагI дарца цунна,

Хьо латталахь, ас доьху хьоь, илли.

Цхьана питанна араваьллачунна,

Хилий стигал буьрса, дера къекъаш,

ДогIа, къора тохалахь ахь цунна,

Я дохк хилий, дIахьулделахь некъаш.

Хоттане, 1973 шо

*  *  *

Шуьйрра беллабели бIаьргаш ненан,

Со цIеххьана кхачарх яьлла цец и.

Цу бIаьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам.

Цу бIаьргаш чохь хазахетарш севци.

Ненан бIаьргаш бац-кха хIинца гIийла.

Цу бIаьргаш чохь - ирс ду, доцуш доза.

Цу бIаьргаш чохь - цIена, даккхий, сирла

Iежаш санна, хазахетарш кхозу.

Хоттане, 1974 шо

*  *  *

Хьан бIаьрхиш ду, тIулгаш санна, деза.

Хьо йилхича ла ца ло соь, нана,

Суна уьш сайн даг тIе оьгуш хеза

Меттан гуро хьо дIалаьцчахьана.

Денна оьгу бIаьрхиш - даккхийн чхараш.

Дерриг дог сан чевнех дуьзна цара.

Амма, нана, уьш дIайоьрзур яра,

Мотт буьтуш, хьо яьлча уча, ара...

Хоттане, 1976 шо

*  *  *

Тайп-тайпана хуьлу дитташ:

Таьлланг, бIаьлланг, къахьашту...

Царах уггар хьоме хеташ

Суна и кIайн дакх ма ду.

Муьлхха хан тIекхачарх шеран,

Даим кIайн и хуьлуш ду.

Илли хилахь цуьнах тера,

И къоналлин илли ду.

Хоттане, 1974 шо

*  *  *

Хуьлу дитташ, шаьш ца латош стоьмаш,

Ткъа уьш цкъа а цхьаммо ца до тергал.

Уьш  ма лаьтта кхечу диттех хьоьгуш,

Шайн гIаш эгош, стаг ца вогIуш герга.

Мел дукха хан токхуш, шаьш дIалаттарх,

Муьста, мерза цара стом ца белла.

Халахета нах нисбалар лаьттахь

Шайн ойланийн заза маргIалделла.

Хоттане, 1973 шо

*  *  *

Говрашна го, вайна санна, гIенаш:

Сирла Iуьйре, шайн бергаш тIехь тхи,

Шайн баккъаш тIе шийла догIа Iенаш,

Сийна бецаш, дедда доьду хи.

Говрашна го, вайна санна, гIенаш:

Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох,

Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш,

ТIекIелтоьхна аьхна аре, нох...

Хоттане, 1977 шо

*  *  *

ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI.

Цхьана диттан ворхI га ду вай нийсса.

Стоьмаша ца бузахь гаьннийн мор,

Къа ду диттан. Дайна цуьнан ирс а.

ВорхI бер ду вай ненан. Цкъа делахь,

Нана - кIира, ткъа вай - цуьнан денош.

ШозлагIа, цу денойх цхьа де лахь,

Доьлху кIира, даккхий бIаьрхиш Iенош...

Хоттане, 1978 шо

*  *  *

Ховха бIаьсте. Цо язйинчу книжкин

Кехаташ ду диттийн сийна гIаш.

Ю и книжка синкъераме иштта,

Кхетар долуш муьлхха адамаш.

Цу книжкана юкъахь мох бу лелаш,

Хоьрцуш цуьнан сийна агIонаш.

Олхазарша лоькхуш йолу эшарш

Ду цу тIера зевне могIанаш.

Ведана, 1973 шо

*  *  *

«КхозлагIниг сов хуьлу» - халкъалахь олу.

Цуьнах ца теший, со ойлане волу.

Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош,

Дог этIаш, чухьоьдуш вовшашна дера,

КхозлагIниг ца хилахь и шиъ дIакъестош,

Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а.

Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов

КхозлагIниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов.

Хоттане, 1974 шо

*  *  *

Сахьт сеци - дуланза дисарна.

Сахьт санна, дог сеци, сахьт санна.

ДоттагIчун дог сеци Iуьйранна -

Ма кIеззиг хилла и дуьйлина.

Дог сеци. Шелделла сеци и.

Дог-хьоза декаш ца хеза кхин.

Ницкъ бац сан, Iаь тоьхна канашкахь,

И дохдан, декийта гаьннаш тIехь.

Хоттане, 1973 шо

*  *  *

Iуьйре. Дитташ самадевлла.

Йоккха гIовгIа йоккхий гонах,

Эшарш лоькхуш, лела нIаьвла,

Аз а дуцуш цIенчу хIуонах.

Сайн бан беза некъ бицбелла,

Со цецваьлла кхузахь сецна,

НIаьвло илли дагчу хецна,

Иллица ницкъ хаабелла.

Хоттане, 1976 шо

*  *  *

(ШаIрани Хасаровга)

Поэт, суна хьашт дац чIагIар сирла.

Ма бузахьа цуьнах ахь сан кад.

Цул бузахьа иза цIенчу иллех,

ТIаккха бен сан дог доккхадер дац.

ЧагIар хIун ю? Къаьхьа хи ду-кх деккъа.

Иза доцуш вахалур ву со.

Амма висахь деган иллеш лекъна,

Даим бIаьрзе дуьсур ду сан дог.

Дишни-Ведана, 1978 шо

*  *  *

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла,

Мукъаме аз хиларх айдан,

Хуьлуш ду олхазарш хийла

Шайгара боцуш цхьа пайда.

Хиларх а юьхь-сибат делош,

Дош олуш эсала, тийна,

Iаьржа дог шайн кийрахь лелош

Лаьттахь ду адамаш хийла.

Хоттане, I975 шо

*  *  *

Ю геннахь цхьанхьа цхьа серло -

Буьйсанна латийна цIе.

Зезагах и техка денлой,

Со воьху цо шена тIе.

ТIевахча со улле цунна,

Схьахеза цо доьIу са.

Шен йовхо цо муьлххачунна

Ца кхоош, даим ло дIа.

Хоттане, I976 шо

*  *  *

Буьйса ю. Тхиш кхетта бецаш ю тIеда.

Мох гIерта лакха шен тIунъелла шедаг.

Кхетта бутт хетало ахархо санна,

Хуьлуш верг шен кха тIехь къахьоьгуш тайна.

Батто а цо санна, букъ а саттийна,

Буьйсанна хан хоржий уггар а тийна,

Седарчийн буьртигаш, канахь схьаэцна,

Аренаш тIехула даржош, дIахецна...

Хоттане, I975 шо

*  *  *

Бакъо ю цу диттийн гIаш эго охьа

Гуьйренца, ткъа бIаьста - шайн заза даккха.

ХIунда яц сан бакъо, алахьа ахьа,

Хьомениг, хьо хьеста, хьуна барт баккха?

Бакъо ю цу механ буьйсанна хьекха,

Кор детташ, хьомениг, хьо самаяха.

ХIунда яц сан бакъо, хазниг, хьо леха,

Дитташ кIел хьо ларъян, хьох иллеш даха?

МахкатIе, 1977 шо

*  *  *

ДогIа Iена, догIа Iена арахь,

ГIайгIано сан корах бетта тIам.

Иза гIерта аьнгалин бIаьрг ата,

Чу а еъна, суна хорам бан.

Доьху хьоьга аса, хьоме езар,

Кху гIайгIане гIел ма вайта со.

Хьо со волчу йола. Лой цкъа ела,

Лалла гIайгIа, ца доьттуьйтуш кор...

Хоттане, 1978 шо

*  *  *

Бовха бу и безам... Цуьнан йовхо

Мел езаъ ю, йоцуш кхачалур.

Наггахь, оьшуш меттиг хилча, малхо

Йоьху цуьнга йовхо юхалург.

Шовдано и лору шел а цIена,

Лам бу хьоьгуш цуьнан лекхаллех.

Са ца доIуш аьрзу - къона, къена -

Яла ца ло цуьнан баххьел тIех.

Хоттане, 1976 шо

*  *  *

Хьан бесни тIехь лепа Iаьржа тIеда.

Богу иза, хилла дашо малх.

Богу иза, суна хилла седа,

Сегаш берг дIо кIайнчу мархашлахь.

Хьан бесни тIехь лепа Iаьржа тIеда.

Сирла бу и цу тхин тIадамал.

Сов исбаьхьа суна иза хета,

Хиларна, йоI, цу бесни тIехь хьан...

Тевзана,  1974 шо

*  *  *

Кхочуш ца ди

Суна дела дош ахь:

Хьо ца еа.

Можа бошхап беттан

Атадели,

Стиглара чудоьжна.

Атадели,

КIайнчу тIулгах кхетта...

Дишни-Ведана, 1978 шо

*  *  *

ХитIара йогIу хьо.

Алахьа ахьа:

- ХIун ю хьан ведарш чохь?

- Хи.

- ЙоI, суна-м моьттура

Ду сайна дахьаш

Ши ведар дуьззина

Ирс.

Хоттане, 1975 шо

*  *  *

Безам - дитт ду. Ши га ду цу диттан:

ЙоI-кIант - вовшийн чIогIа дукхадезаш.

Мох баларх а, къора, догIа детташ,

Кортош охкош, кег ца ло и генаш.

Безам - дитт ду. Ши га ду цу диттан:

ЙоI, кIант - вовшийн сил а дукха дезаш.

И ши га ду даим сийна лаьтташ,

Арахь Iаьно лекхарх шен кIайн эшарш.

Хоттане, 1977 шо

*  *  *

(Д. Розе)

«ХIун ю хьан ши погон - Iаьржа ши бIегIаг», -

Салтичух ца ешаш, тIехтуьйхи ахь.

Сан Iаьржа ши погон - ши куьг ду ненан.

Со вохвеш, Iохку уьш сан белшаш тIехь.

Пурба дац, йоI, хьуна салтичух ела,

Ойланза сийсазъеш погонаш сан:

Салтий ца хилча хIорш белшаш тIехь лелош,

ПаргIат наб йойла хир дацар-кха хьан.

Сахалин, 1978 шо

*  *  *

ДогIанах хьо едда.

Когаш дIашерша.

ДегIа тIе коч летта,

ТIадийна белшаш,

Ши бесни мармаран,

Месийн цIов, хьаж...

Схьайола сан мара:

Со ду хьан таж.

ДаьргIа, 1977 шо

*  *  *

Безам - тIай ду. ЙоьIан, кIентан дегнаш

Вовшах тосий, до цо царна ха.

Хийла адам оцу тIайнах хьегна,

Ширлуш доцчу, дIаэхарх а хан.

Амма, йоI, ахь кийра боссош бала,

Чудожий вайн дегнийн къона тIай.

И ца хилча, хих со муха вала?

ХIун деш кхача вовшийн тIеттIа вай?

Тевзана, 1977 шо

*  *  *

Цхьа неI югIуш хуьлу цхьана цIенна,

Хьешо тохахь - еза и дIаелла.

ЦIийнан хила деза алссам кораш -

Чукхетийта маьлхан нуьре чIораш.

ЙоьIан деган цхьа неI хила еза,

КIантана дIайоьллуш - нагахь везахь.

Цуьнан деган елахь неIарш шорта,

Хаа ду-кх и йоI хилар а сонта.

Хоттане, 1975 шо

*  *  *

Олхазар ду - безам сирла.

ЙоI, кIант цуьнан бу ши тIам.

И ца кIадлуш, хьийза стиглахь,

Мох-дарцо ца доккхуш гал.

Нагахь йоI дIатасахь кIанта,

Везалахь йоIана кхин,

ТIемаш каглуш, дужу лаьтта

Олхазар, ца гIатта кхин.

Хоттане, 1976 шо

*  *  *

ХитIара йогIу хьо.

Ду суна и хазахетар.

Ведарш чохь ирс ду хьан,

Хи дац ахь дахьаш дерг цIехьа.

Хьомениг, цу ирсах дуьзна

И хьан кIайн ши ведар,

Сан дагчу ца дуттуш,

Эрна дIа ма Iанадехьа...

Тевзана, 1977 шо

*  *  *

ГIуш-маьлхан зIаьнарша

Даьккхина сама,

Юха а бацалахь

БIаьрг билли зезаго.

«Кийча ю даим а

Хьан хила со-ма!» -

Аьлла, соь дуьххьара

Мотт баьсти безамо...

Тевзана, I973 шо

*  *  *

Екъа вайша аре тийна,

Бецан канахь тхиш а луьттуш.

Екъа вайша стигал сийна,

Тоьлла агIо хьуна юьтуш.

Екъа вайша беттан хьайба,

Дакъош дарца цхьацца-шишша.

Бекъа вайша цхьа мотт-гIайба,

Цхьаллин бала кхин ца Iийша...

Хоттане, 1972 шо

*  *  *

Синтем бахьаш шеца гIайгIа йоцу

Лере догIу хьан еларан аз.

ТIаьхьа догIуш цхьаьнакхетар доцу

Къастар хьоьца муха ловр ду ас?

Лалур дац соь, де мел дели хьекъаш,

Вайн хийистехь хийра безам гар.

Толлуш къинойн лаьттахь шийла некъаш,

Суна мичахь карор ю хьан лар?

Хоттане, 1977 шо

*  *  *

Лур ду ас, йоI, хьуна диттийн кIайн генаш -

Баьццарчу зазанах доьттина дерш.

Иллица хестош вайн къоналлин хенаш,

Хьо йолчу вогIур ву, болар сих деш.

Лур бу ас бутт хьуна - пастанан цастар,

Седарчий - даточу гIабакхан хIуш.

Кхин хьеха ма делахь вай вовшех къастар,

Ма аьллахь вайша ду тIаьххьара гуш.

Ведана, 1977 шо, аьхке

  

III. Эпиграммаш

Питанче

Питанийн зIийдигаш дебаеш дагца,

Куп эгIош куьпаца, стаг эгIош стагца,

Лела хьо массанхьа питана туьйсуш,

Дош даше даьллачохь, дIовш юкъа кхуьйсуш.

Мекарчу цхьогалх хьо тарваларх цкъацкъа,

Ахь лелон питана нахана гац, ткъа?

Хьо-м царна хьесталуш, кIезанах цIевза.

ХIетте  а, хьо-м царна ма-варра вевза.

Даим а дадийна и боьха гIуллакх,

Хьо хIунда лела кху дуьненчухула?

Атталла, наб кхетта, вижина Iаш а,

ГIенах а бузу ахь питанийн маша...

Хоттане, 1976 шо

Дукха луьйш волчуьнга

Хьан бага цкъан цкъа а ца йоьду ваьшта.

Хьан багах схьадаьлларг - нийсса ах аьшпаш.

Пхьоьханахь гулъелча юьртахойн тоба,

Дукха луьйш, дойъу ахь массеран собар.

Хьан бага екаш ю, ца соцуш денна.

Ши шай а пайда бац ахь бахьаш цIенна.

Хьо боккха бала бу хьо волчу дена.

Хьох кула хуьлуш ю хьан нана къена.

ГIаддайна, чутаьIна хьан ший а белш а:

Лела уьш совбаьлла хьан корта беса.

ШайтIанан мас санна, мотт бу хьан беха.

Уьшалахь кхиъна бу хьан аьшпийн Iеха.

Хiай, тентаг, доьху хьоь, ма лехьа дукха.

Хаахьа, сов дукху лер - сакхт ду-кха.

Хоттане, 1976 шо

Маларчин мах

Хьан хечин киснахь ду шиша.

Хеча-м ю заръелла, тиша.

ЦIийбелла, кхохкийна мара

Лууш бу ахь къаьркъа мала...

БIаьргаш ду хьан чIогIа сутар,

Къаьркъане сатуьйсуш гуттар.

Кхачадо мел доккха шиша,

Къурд барца ахь цхьацца-шишша.

Цул тIаьхьа хьо-м сихха веха,

БIизвоьлла хан йоккху ехха.

Юрт ю хьо сийсазвеш, кхаьрдаш,

Хьоьл сийлахь хеталуш хьаьрдаш.

Хоттане, 1976 шо

ЧУЛАЦАМ

I. «Хьан цIаро бен ца бохби сан когаш...»

Даймахко Iамийна со

Шовданан йиш

Нене («Корталица хьайн букъ тIе дIавоьхкий...»)

КIайн ойла

Девеше

Нана-аьрзу

«ТIехилий, кхаллахь тхан кхача...»

Воккхачу стеган хьехамаш

«Лекъаш, лекъаш...»

Сонта дозалла

ГIаргIулийн назма

ГIаргIулеш

«Беза толам я ирс деза хьуна?..»

Гуьйре

«Цомгаш хуьлу дитташ гурахь...»

Гуьйренан сибат

«Дарц даларх лекхачу ломахь...»

ГIорийна зезагаш

Iаьнан сибат

Боллан дитте

Къена луо

Керла луо

Даго бен дог Iабош дац

«Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш...»

«ХIалхара сентябрь. ВорхIалгIа класс»

«ЦIа до-кха, хIиттадеш кораш...»

Цхьана йоIе

Дехар

«Дерриг дицди... Кхийдац со кхин исрсан цIаре»

Безаман зезаг

Вайшинна юккъехь

«Хьо яц соьца хIинца...»

II. БархIмогIанаш

«Цхьана диканна араваьллачунна...»

«Шуьйрра беллабели бIаьргаш ненан...»

«Хьан бIаьрхиш ду тIулгаш санна, деза...»

«Тайп-тайпана хуьлу дитташ...»

«Хуьлу дитташ, шаьш ца латош стоьмаш...»

«Говрашна го, вайна санна, гIенаш...»

«ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI»

«Ховха бIаьсте. Цо язйинчу книжкин...»

««КхозлагIниг сов хуьлу» - халкъалахь олу»

«Сахьт сеци дуланза дисарна»

«Iуьйре. Дитташ самадевлла»

«Поэт, суна хьашт дац чIагIар сирла...»

«Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла...»

«Ю геннахь цхьанхьа цхьа серло...»

«Буьйса ю. Тхиш кхетта бецаш ю тIеда»

«Бакъо ю цу диттийн гIаш эго охьа...»

«ДогIа Iена, догIа Iена арахь...»

«Бовха бу и безам... Цуьнан йовхо...»

«Хьан бесни тIехь лепа Iаьржа тIеда»

«Кхочуш ца ди...»

«ХитIара йогIу хьо. Алахьа ахьа...»

«Безам - дитт ду. Ши га ду цу диттан...»

«ХIун ю хьан ши погон - Iаьржа ши бIегIаг»...»

«ДогIанах хьо едда...»

«Безам - тIай ду. ЙоьIан, кIентан дегнаш...»

«Цхьа неI югIуш хуьлу цхьана цIенна...»

«Олхазар ду - безам сирла»

«ХитIара йогIу хьо. Ду суна и хазахетар»

«ГIуш-маьлхан зIаьнарша...»

«Екъа вайша аре тийна...»

«Синтем бахьаш шеца гIайгIа йоцу...»

«Лур ду ас, йоI, хьуна диттийн кIайн генаш...»

III. Эпиграммаш

Питанче

Дукха луьйш волчуьнга

Маларчин мах